Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографин урхаллехь йолчу «ГIулч» киношколехь асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна дIадолийна дешар. Цигахь къоначарна кинон гIуллакх теорин буха тIехь довзийтина ца Iа. Дукха хан йоццуш цаьрга дуьххьара дакъалацийтина «Столкновение» фильман съемкашкахь. Цунах лаьцна дерг хаа лууш тхан къамел хилира оцу киношколин хьехархочуьнца, драматически театран актераца Цамаев Мохьмадца.
«Асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь дIадолийна оха дешархой Iамор. Актерийн хаарш карадерзоран дешар кхаа баттахь дIахьур ду. Вайна ма-хаъара, муьлхха а корматалла Iаморехь хенахь уггаре а коьртаниг теори ю, делахь а, иза караерзор практикехь хуьлу. Цу Iалашонца, дешархоша юьхьанца дакъалецира йоццачу видеороликашкахь, цул тIаьхьа фильман съемкашкахь а. Иштта, дукха хан йоццуш, киношколин дешархоша шайн дахарехь дуьххьара дакъалецира «Столкновение» цIе йолчу фильман съемкашкахь. Кинон хьаьрма хIинццалц йийцарехь бен евзаш ца хиллехь а, церан таро хилира и дерриге а ган. ТIаккха уьш кхийтира актерийн болх атта цахиларх. Съемкашкахь шайн дакъалаца таро хилла хиларх чIогIа самукъадаьлла бара дешархой. Фильман кийсак йоккхучу хенахь дукха лерина тидам бора цара актераша бечу белхан а, съемкийн майданахь церан леларан а. Оцу фильман «массовкехь» ролаш елира царна. И де чIогIа довха деанера, хIетте а, дешархоша жигара дакъалецира цигахь. Шаьш дикачу агIор а гайтира», – бохура цо.
«Столкновение» фильман съемкашкахь дуккха а пайдехь дерг Iемира хинболчу актерашна. Карарчу хенахь уьш дакъалоцуш бу «Первый шаг» фильман съемкашкахь. М.Цамаевс дийцарехь, оцу фильман съемкаш хьаьттан (август) бутт чекхбаллалц лаьттар ю.
З.ХАСИЕВА
№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо