Карарчу шеран хьаьттан (август) беттан 9-чу дийнахь Къилбаседа Кавказан кегийрхойн «Машук – 2016» форумехь дIадаьхьира Кхарачойн-Чергазийчоьнан де. Республикин векалалло эксперташна йовзийтира ши бIе гергга проект. Уьш къастийнера йиъ бIе гергга йолчарна юкъара регионан вовшахтохараллин комитето. Кхул хьалхарчу шерашкахь хиллачарех уьш къаьсташ ю шайн дикаллица.

Кхарачойн-Чергазийчоьнан векалша леррина кечам бинера оцу дезачу денна. Iуьйранна дIахIиттийначу четарш чохь гайтаме бехкинера республикехь дехачу халкъийн культурин гIирсаш: дечигах, тIаргIах, кхечунах йина хIуманаш. Муьлххачун а аьтто бара мастер-классашкахь (дешица тегар, черт дуцар) дакъалаца.
Кхарачойн-Чергазийн Республикин кегийрхойн политикин а, туризман а, курортийн а министра Эркенов Анзора, Кхарачойн-Чергазийн пачхьалкхан университетан ректоран декхарш кхочушдеш волчу Узденов Таусолтана цхьаьнакхетарш дIадаьхьира кхечу делегацийн векалшца. Цигахь йийцаре йира республикерчу кегийрхойн проекташ.
«ДIадаханчу шерашца дуьстича дакъалацархойн – шайн бизнес шоръян лууш болчу бизнесменийн – барам алсамбаьлла. Проектийн дикаллин а, говзаллин а тIегIа лакхара ду. Регионехь кхул хьалхарчу шерашкахь дIабаьхьначу «машукан хьалхарчу» белхийн жамI ду аьлла хета суна иза. Кегийрхойн лехамаш тайп-тайпана бу, гIоьналлина тIера нестандартни предпринимательствона тIекхаччалц», – билгалдаьккхира республикин векалаллин куьйгалхочо Узденов ИбрахIима.
Шуьйра чулацам болуш ю регионан кегийрхоша «Машукехь» гайтаме яьхна проекташ. Хьалхарчу могIарехь ю производствон а, кхоллараллин а, кхийолу а проекташ. Цул тIаьхьа йогIуш ю коьртачу декъана социальни а, гIоьналлин а проекташ.
Суьйранна республикин музыкальни коллективаша, шайна юкъахь бевзаш болу артисташ болуш, концерт елира.
Л.ДАУТОВА
№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо