Керла маьждиг ду деш

Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски кIоштарчу Куйбышевн цIарахчу урамехь керла маьждиг схьадоьллур ду карарчу хьаьттан (август) беттан тIаьхьарчу деношкахь.

Хьалха оцу меттехь хилла долу маьждиг жима а, тиша а дара. Урамера бахархой рузбанан дийнахь цу чу ца тарлора, и дукха жима хиларна, кегийрхой кхечу маьждигашка лела безаш хуьлура.

Маьждиган момсар разъяьллера, пенаш лилхина дара. Бахархоша дийцарехь, чуваха кхерамечу хьоле даьллера маьждиг, жимма а чIогIа мох баьлча дIахарца там болуш а дара иза.

1990-чу шерашкахь меттигерчу бахархоша шайн чоьтах дина маьждиг дара иза. Ткъа хIинца хIара маьждиг Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах деш ду. Маьждиг дарна тIехь терго латтош ю Соьлжа-ГIалин мэри.

Керла маьждиг даран болх муха дIабоьду хьажа веанчу Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима тIедиллира, герггарчу хенахь маьждигана гуонаха- ра меттиг тойина, хазйина дIахIоттор.

ХIара бутт чекхбалале гIишло йина яьлла хила езаш ю. Цундела, масех сменехь болх бан безаш хуьлу белхалойн.

Урамера маьждиг дина даллалц рузбан дийнахь юххерчу маьждигашка эха дезар ду бахархойн. Ткъа болх билгалдина ма-хиллара дIабодахь, хIокху беттан тIаьхьарчу деношкахь дуьххьара мол кхойкхур ву Куйбышевн цIарахчу урамерчу керлачу маьждигехь.

Хь.БАХТАЕВА

№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: