Нохчийн Республикехь шен болх чекхбаьккхина юкъараллин «Гражданин а, полици а» компанис. Оцу белхан гурашкахь Хельсинкин барташ кхочушбаран гIолацаран Москварчу тобанан (МХГ) векалша, Нохчийчоьнан МВД-хь йолчу Юкъараллин советаца цхьаьна, дIадаьхьира Соьлжа-ГIалин полицин отделашкахь талламаш бар.
Оцу тайпана гIуллакх республикехь дуьххьара дIадаьхьна дара. Цуьнан жамIаш а деш, шайна коьртехь Акбаева Зарият а йолуш, МХГ-н векалш цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министраца, инарла-лейтенантаца Алханов Русланца. Юкъараллин гIуллакххоша Нохчийчоьнан МВД-н куьйгалхочуьнга дийцира шаьш Соьлжа-ГIалин полицин отделашкахь дIабаьхьначу талламах лаьцна. Цара дийцарехь, дуьззина схьаэцча, оцу отделашкахь долу хьал дика ду. Делахь а, кIез-мезиг кхачамбацарш доцуш а дац. Амма цара талха ца до юкъара сурт.
МХГ-н жигархоша, ша аьлча, талламаш бира гIалин полицин отделашкарчу гIазанчийн дакъошкахь а, полицин каппийн пунктийн чоьнашкахь а долчу хьолан, иштта уьш хьаьвсира гражданашна лерина хаамийн стендаш ю-яц а, царна тIера хаамаш карлабохуш бу-бац а, ОВД-н дехар яздаран къепе йовзуьйтуш болчу хаамийн чулацаме а, кхечуьнга а. Юкъараллин гIуллакххоша чIагIдарехь, билгадевлла долу кхачамбацарш оцу сохьта дIадохура, хьовса баьхкинарш дIабахале.
Иштта, З.Акбаевас билгалдаьккхира гIалин урамашкахь хаттарш дIадаьхьча республикерчу бахархоша полицин дика мах хадош хилла хиларо шайна там беш, шаьш даккхийдеш хилар. Дукхах болчу гражданаша тидам тIебохуьйтура чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахойн лаккхара корматалла хиларна а, шайна тIедехкина декхарш кхиамца кхочушдан уьш охIла хиларна а.
Министра Алханов Руслана баркалла элира МХГ-н векалшна а, Нохчийчоьнан МВД-хь йолчу Юкъараллин советан декъашхошна а цара хьанал бинчу балхана. Юха билгалдаьккхира таллам дIахьочу хенахь Iорадаьхна кхачамбацарш йоццачу хенахь дерриге а дIадохург хилар. Тхан Iалашо цхьаъ ю – массо а хIуманна тIехь бахархошна масал хилар, балхахь нислуш йолу проблемаш, ницкъаш цхьаьна а тоьхна, сихха дIаяхар. Кхачамбацарш Iорадахарца а, уьш сихонца дIадахарца а, чоьхьарчу гIуллакхийн органаша шайн оперативно-службийн болх кхидIа а тобийр бу», – элира Алханов Руслана.
Цу тIехь чекхделира и мехала цхьаьнакхетар. Иштта хаам бира тхоьга Нохчийчоьнан МВД-н пресс-службо.
Д.АНАДЕВ
№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо