Хууш ма-хиллара Нохчийн Республика таханлерчу дийнахь меттахIоттаран тIегIанера кхиаран новкъа яьлла йогIуш йолу Россин Федерацин уггаре а кхерамаза а, дика хьелаш долу а регион ю.
Цунна тоьшалла ду вайн республикин тайп-тайпанчу гIаланашкахь а, кIошташкахь а жигара дIабоьлхуш болу гIишлошъяран белхаш. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедахкарш кхочуш а деш, боккха болх дIабаьхьна республикерчу гIишлошъярхоша хIокху шарахь а. Царна юкъахь билгалдаха догIу лаьмнийн Нажи-Юьртан а, Веданан а, Шуьйтан а кIошташкахь токхамаш хилар бахьанехь зенаш хиллачу бахархошна йоццачу хенахь дина цIенош а, дукха хан йоццуш Хьалха-Мартанан кIоштарчу Iалхан-Юьртахь схьадиллина долу цIа а, кхийолу гIишлош а. Иштта, карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь бахархошна деш ду кхин а масех цIа а, микрорайон а. Царна юкъахь билгалдаккха догIу Ленински кIоштан Исаевн цIарахчу проспектехь дIадаханчу шеран мангалан (июль) беттан 4-чу дийнахь дан долийна хилла долу 15 гIат долу керла цIа. ХIара шо чекхдалале и цIа дина далийта шайна хьалха Iалашо хIоттийна гIишлошъярхоша.
ГIишлойоттаран белхаш хIинцале а бовла гергабахана. Карарчу хенахь белхалой къахьоьгуш бу цIийнан 14-гIа гIат хьаладуттуш. Лакхарчу жигараллица белхаш беш схьабогIуш бу белхалой.
– ХIара гIишло йоттарна мел оьшу гIирсаш а, техника а ю кхузахь. Тхан балхана оьшу коьчалш схьакхоьхьучуьра сацош яц. ХIинца 14-гIа гIат ду оха хьаладуттуш, цул тIаьхьа гIишло чохь дан дезачу белхашна тIедоьрзур ду тхо. Дала мукъ лахь хIара шо чекхдалале хIара объект йина а ялийтина, дIаяла хьовсур ду тхо, – дийцира оцу гIишлояран декъан хьаькама Сулейманов Ахьмада.
ГIали юккъехь, уггаре а бегIийла йолчу меттехь еш ю гIишло. Цу чохь хир ю бахархойн Iер-дахарна мел оьшу кхузаманан тоьлла хьелаш долу 60 петар. Электросерло а, газ а, хи а, кхин мел оьшург а хир ду цу чохь. Цул сов, кхузахь хир ю берийн садаIаран майда, машенаш дIахIиттайойла берийн беш. Оцу объектехь къахьоьгуш ву тайп-тайпана говзаллаш йолу 30 сов белхало. Царна юкъахь тIулгботтархой а, монтажникаш а, шпаклевщикаш а, опаловщикаш а, арматурщикаш а, кирадуттурш а, крановщикаш а, кхиболу говзанчаш а бу. Иштта кхузахь иттех машен, трактор, кхийолу гIоьналлин транспорт ю.
Билгалдаккха деза и гIишло доларчу инвестицийн чоьтах еш хилар. Вай тешна ду, Исаевн цIарахчу проспектехь деш долчу керлачу цIийно вайн коьртачу шахьаран куц-сибат кхин а хаздийриг хиларх.
I.МУРТАЗОВ
№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо