Апрель беттан 19–21-чуй деношкахь Санкт-Петербургехь дIаяьхьира кегийрхошна юккъехь дзюдохула йолу Европин турнир. Цигахь дакъалоцуш вара 18 пачхьалкхера 300 спортсмен (18–20 шераш долуш болу).
Россин вовшахтоьхначу команде юккъехь леташ хилла волчу Нохчийн Республикера веа дзюдоиста мидалш ехира Нохчийн спортсменашна юккъехь оцу къийсадаларшкахь шен Iалашоне кхача герга вара Соломгериев Мохьмад. ДегIан йозалла 55 йолуш волу дзюдоист финалехь эшийра Казахстанерчу Жаксибек Жанисбека. Билгалдаккха лаьа, Мохьмада финале ша валале ГІиргІизойчуьра Абышов Бекбо а, Заирбеков Гамзат а, иштта Казахстанера Сейдуали Асылжан а эшийна хилар.
ДегIан йозалла 73 кийла йолуш волчу Мусаев Шемала йоьза мидал яьккхира. Иза финале ца валийтира Японерчу Ямомото Южис Шемала оцу къийсадаларшкахь ахфинале кхачале деа латарехь толамаш бехира.
Иштта кхоалгIа меттигаш ехира дегIан йозалла 100 кийла йолчу категорехь леташ хиллачу Мараев Сулима а, дегIан йозалла бIе кийла сов йолчу спортсменашна юккъехь леташ хилла волчу Башаев Тамерлана а.
Къийсадаларш толамаш баьхначарна мидалш а, ахчанца совгIаташ дарца а дерзийра.
А.АБДУЛАЕВ