Нохчийн поэт Арсанукаев Шайхи вина 1930-чу шеран хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь Веданан къоштарчу Дишни-Ведана юьртахь Iабдулмуслиман а, Цуцин а доьзалехь.
Кхалхийначохь, Казахстанехь, дIадахна кхиаран а, къоналлин а шераш.
1949–1952-чуй шерашкахь хинволчу поэта доьшу Семипалатинск гIаларчу финансови техникумехь. Даймахка цIа дирзинчул тIаьхьа чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультет (цул хьалха ша заочно доьшуш хилла Москвара финансови институт дIа а тосий).
1952–1958-чуй шерашкахь Казастанехь финансови органашкахь белхаш бо.
1958-чу шарахь Нохчийчу цIабоьрзу ШайхигIеран доьзал. Кхунах шех Веданан къоштан коьрта финансист хуьлу (къоштан финотделан заведующи). И болх 1965-гIа шо кхаччалц бо цо. Амма поэт хилла дуьнен чу ваьлларг йозанан балхо дIаийзавора. 1965-чу шарахь «Колхозан дахар» цIе йолчу къоштан газетан редакторан заместитель хIоттаво Ш.Арсанукаев. КхидIа йолчу ханна цуьнан болх а, дерриге дахар а литературица доь- зна нисло.
1967–1973-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь редакторан болх бо.
1973–1984-чуй шерашкахь «Орга» альманахан коьрта редактор лаьтта (Мамакаев Мохьмадал тIаьхьа).
1986–1997-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзан правленин председатель лаьтта.
2000-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрин доцент волуш къахьоьгу.
Стихаш язъян волавелла школехь доьшуш волуш дуьйна. Дуьххьарлера байташ зорбане йийлина 60-чу шерийн юьххьехь «Колхозан дахар», «Ленинан некъ» газетийн агIонаш тIехь.
«Лаьмнашкахь Iуьйре» цIе йолу стихийн дуьххьарлера гулар араелира 1965-чу шарахь. ХIетахь дуьйна цо арахецна ткъех гергга стихийн, поэмийн гулар: «Безаман шовда» (1967 шо), «ЦIеран суй» (1969 шо), «Новкъахь» (1970 шо), «Стихи» (оьрсийн маттахь. (1971 шо), «Сийна некъаш» (1973 шо), «Лакхенан гIиллакх» (1975 шо), «Вершина» (оьрсийн маттахь, 1977 шо), «Тешам» (1979 шо), «Керла де» (1980 шо), «Голубые вершины» (оьрсийн маттахь, 1981 шо), «Ушармин Ших» (1982 шо), «Лаьмнийн иллеш» (1991 шо), «Роща любви» (оьрсийн маттахь, 1988 шо). «Тимуран тур» стихашкахь повестан а, ткъа иштта нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь язйинчу «Кхолламан сизаш» романан а автор ву Шайхи. 2009-чу шарахь зорбане яьлла поэтан хаьржинчу говзарийн ши том («Сийна гене», «Уьш хийца тарлуш дац»).
Россин Федерацин яздархойн V–VII-чуй съездийн а, СССР-н яздархойн IХ-чу съездан а делегат хилла Ш.Арсанукаев. Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, 1980-чу шарахь поэтана «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо» цIе елира, 1989-чу шарахь дуьйна Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан поэт а, 2005-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин сийлахь гражданин а вара поэт.
2009-чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Р.Кадыровн Указца Арсанукаев Шайхина совгIат до «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца.
Адамаллин уггаре а тоьлла амалш – догдикалла, комаьршалла, къинхетаме хилар – шеца йолуш, башха оьздангалла йолуш стаг вара Шайхи. Шен хьаштийн дуьхьа эццара ког эцца а боккхур боцуш, адамаш дукха дезаш, церан дуьхьа вала а, ваха а кийча волуш, дахарх цIена чекхвала хьуьнар кхечира поэтан. Нохчийн меттан шатайпа шатлакхан илли хилла лаьтта «Ненан мотт» байт тоьур яра Арсанукаев Шайхин цIе даима нохчийн къоман иэсехь йиса. Шел тIаьхьа яха шен башха поэзи юьтуш, поэтан бакъдуьнена верзар хилла 2012-чу шарахь.
АРСАНУКАЕВ Iабдулла
№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо