«Единая Россия» партин векалш – Харжамийн каппашкахь

«Единая Россия» политикин партин векалш дIасахьовсор бу Нохчийн Республикехь йолчу харжамийн ерриге а каппашка. Иштта хаам бина Зайналабдиев Валида «Единая Россия» партин республикехула йолчу отделенин Харжамийн штабан кхеташонехь.

Билгалдаккха догIу «Единая Россия» партин Нохчийн Республикехула йолчу отделенин кхочушдаран куьйгалхо а, оцу партин Республикин харжамийн штабан куьйгалхочун заместитель а волчу В.Зайналабдиевс йоккха кхеташо дIаяьхьна хилар. Иза лерина яра республикехь йолчу харжамийн каппашкахь call-туьшийн системаш хIитторна.

– Харжамийн цхьааллин дийнахь партин call-туш хир ю болх беш. Вайн векалша оцу туьше дIакхоьхьуьйтур бу бахархоша харжамашкахь кхажтасаран хьокъехь болу хаамаш. Вайн республикехь оцу дийнахь болх беш хир ю харжамийн куьпан 449 комисси. «Единая Россия» партин векалш оцу хIора а куьпе хьовсор бу. Уьш партин белхахой а, «Цхьааллин Россин Къоначу гвардин» жигархой а, юкъараллин организацийн векалш а, иштта кхиберш а хир бу, – билгалдаьккхира цо.

Дагадоуьйту «Единая Россия» политикин партин Генеральни кхеташонан секретара Неверов Сергейс товбецан (сентябрь) баттахь харжамаш дIахьур болчу харжамийн 94 эзар куьпахь шайн векалш хьовсор бу аьлла, масех де хьалха хаам бина хилар.

Россин Федерацехь кхушеран харжамийн кампани дIайолаелла асаран (июнь) беттан 17-чу дийнахь. Оцу дийнахь Россин Президента Путин Владимира харжамаш дIабахьаран хьокъехь долчу Указана куьг яздина.

Товбецан 18-чу дийнахь Нохчийн Республикехь дIахьур ду Нохчийн Республикин Куьйгалхо а, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутаташ а, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ а, меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн депутаташ а харжар.

И.АДАМОВ

№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: