«БисмиЛлахI» фондо буоберийн дегнаш хьоьсту

Суьйранна кертахь дан дезаш долу гIуллакхаш дIадерзийна чудирзинчул тIаьхьа, телефонаш буйна оьций дерриге а дуьнен тIера керланаш довза охьаховшу вай (кегийрхой къаьсттина дика кхетар бу ас дуьйцучух). Вайн хан пайде яйа цахаар ду иза дан-м, делахь а, иштта цхьана суьйранна инстаграман агIонаш луьстуш со Iаш йолуш, гIоьналлин «БисимиЛлахI» организацин агIонна тIенисъелира со. Сан даг тIера бала а, сингаттам а, и охьа мел луьсту, дIаболуш хеталора. Иштта, шен махкарчу нахах дог лозуш, церан хьашташца бала болуш къонахий вайна юкъахь хиларо дог дузийра сан. Лиира цара бечу балхах лаьцна хьакъ доллу дош ала.

683f49_c3513cfa7c344597a4c22f001953c219-mv2

Иштта кхечира со «БисмиЛлахI» организацин офисан неIаре. Фондан президента Кулиев ИсмаьIална а, нах тIеоьцуш а, кехаташца долу гIуллакхаш чекхдохуш а йолчу Ахмадова Ларисина а тIекхечира со. Цара хазахетарца тIе а ийцира, шайн организацин болх а бовзийтира суна.

Вайна ма-хаъара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо а вайн республикерчу хьашт доцчу массо а стагана гIо-накъосталла до. Церан сагIин куьг кхачаза меттиг яц вайн махкахь хьовха, дуьненахь а. Дуьненан мехкашкарчу бусалба нахана а кхачадо вай лакхахь билгалъяьккхинчу фондо гIо-орца.

Оцу фондан президентах Кадырова Айманих а, вайн республикин Куьйгалхочух Кадыров Рамзанах а масал оьцу ИсмаьIал санна болчу яхь йолчу кIенташа. Уггаре а коьртаниг, буоберийн дегнаш хьоьсту «БисмиЛлахI» фондан векалша.

– ИсмаьIал, шун организаци болх бан йолаелла дукха хан яцахь а, дан ларийнарш дуккха а ду. Шаьш дIа муха дуьйладелла а, шайна накъосталла деш мила ву а дийцахьа тхуна.

– ХIара тайпа болх дIакхехьа сан ойла лаьтта дуккха а хан яра. Со жима волуш, сан дедас довзийтира суна Мухьаммад Пайхамаран (АллахIера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис. Оцу хьадисехь бохура: «Хьажо-пIелганий, юккъерчу-пIелганий юккъахь йолччул бен меттиг хир ма яц ялсаманехь шений, буоберашна Iуналла деш хиллачарний». И хьадис кест-кеста сайн накъосташка дуьйцу ас, царна иза карладоккхуш.

Сан деда а, денана а, цул тIаьхьа сан да-нана а хилла буоберийн хьашташка леррина хьожуш. Тхуна, берашна, гуттар а хьехар дора дадас а, бабас а: «Варийлаш, шаьш юххехь а долуш буобер охьа ма таIадайталаш, шайн долчуьнца дакъа делаш буоберана. Шу церан дегнашка доггаха хьовсуш хилахь, ялсаманин неIарш йоьллур ю шуна». Гуттар а соьца даха дисина церан и хьехарш.

Юьхьанца тхайн юьртарчу буоберашна сайн ницкъ кхочучу барамехь гIо-накъосталла дан волавелира со, амма дIоггара хIума ца далора, со цхьаъ хиларна.

Цхьана суьйранна телевизорехула вайн меттигерчу каналехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо гIо оьшучу доьзалшна петарш луш гира суна. Оцу нехан, церан берийн хазахетар гича дог ира-кара хIоьттира сан. Оцу фондан президента Кадырова Айманис, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьочу балхах масал эцна, дIаболийра ас сайн болх. Фонд схьаелла оьшург вовашахтоха волавелира. Даккхий сагIанаш дахалур дацахь а, буоберашна жимма бен ца яхь а, терго йийр ю-кх аьлла.

Дуьххьара болх дIаболабале сайна юххехь буоберех доглозу, и гIуллакх даггара дIакхоьхьур долу кIентий схьагулбира ас. Уьш дика накъостий а бу. Цаьрца цхьаьна фондан цIе хаьржира оха, оьшшу кехаташ а кечдира. 2015-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнахь Россин юстицин министерствон Нохчийчухула йолчу урхаллехь кехаташ чекх а даьхна, официально болх бан йолаелла «БисмиЛлахI» фонд. Бакъду, карарчу хенахь вайн республикехь бен ца до оха гIо-накъосталла. ТIейогIучу заман чохь вайн луларчу регионашна гIо-орца кхачо хьовсар ду, Дала яздинехь.

– Фондан «БисмиЛлахI» цIе тилларан бахьана хIун ду?

– Муьлхха а гIуллакх дIадолош бисмиллахI олу вай. «Бисмиль» даьккхича АллахI дагавогIу вайна. Цундела тиллина оха и цIе. ХIокху организацица йогIуш а хета тхуна иза. Иштта, и цIе хилар бахьана долуш, болх беркате дIагIуриг хиларх тешна а ду тхо. ХIокху цхьана шарахь 4 эзар доьзална гIо-накъосталла дан аьтто хилла тхан. КхидIа а и терахь лакхадаккха Iалашо а ю.

– Коьртачу декъана хьанна гIо до фондо. ГIо дар стенца хуьлу шун?

– Дукха хьолахь оха гIо деш берш 12 шо кхачаза долу буобераш ду. Оцу буоберийн хьашташка хьаьжна ца Iаш, доьзалан да воцуш бисинчу зударшна оьшучунна тIехь гIо дан а хьовсу тхо. Мухьаммад Пайхамаран (АллахIера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисехь аьлла ду: «Мискачу стеган а, йисина Iаш йолчу зудчунна а гIо-накъосталла диначунна, АллахIан некъа тIехь гIазот даьккхинчунна санна ял хир ю».

Оха тIеюхучу бедаршца гIо до буоберашна а, церан наношна а. Наха лучу сагIанах цIена бедарш а оьций, уьш дIасайоькъу. Иштта, шен кхачанан сурсаташца я кхечу хIуманца шена тIера сагIадаккха лууш цхьаъ нисвелча, и сагIа дIакхачадо оха хала бохкучу доьзалшна. Дала мукъ лахь, тIейогIучу заман- чохь сагIина ахча гулдар кхин а шордийр ду оха. СагIин декъе ван мел луучун шена тIера сагIа даккха таро хилийта.

– Дуккха а нах хуьлу вайна юкъахь сагIа таро йолчу наха бен дала ца деза, тхо тхаьш а ду сагIане сатуьйсуш, бохуш. Церан кхетам нийса буй?

– Дера бац. Мухьаммад Пайхамара (АллахIера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Стеган цхьа хурма яла бен аьтто бацахь а, цо хьанал даьккхинчу рицкъанах дакъа и делахь, цIенчу даггара, АллахIан дуьхьа цо и сагIина деллехь, оцу хурман барам цхьа лам хурманаш ахь елча санна хир бу». Кхин хIун оьшу вайна?! АллахIан дуьхьа вай деш долу дика гIуллакхаш, вайна гIо оьшучу Къематан дийнахь карор долуш ма ду. Оцу дийнахь вайга хоттур долчу жоьпан жимма а ойла хIунда ца йо те вай?! Вайна ма хаьа, уггаре а деза, ламаз дIадаьлча, иза ахь луш долу сагIа хилар. Иза гуттар а дагахь латто деза вай.

– Фондана ахча стенгара долу? Шайн белхан система йовзийтахь тхуна.

– Шуна а гина хила там бу, яккхий супермаркеташ чохь а, базарашкахь а, маьждигаш чохь а дIахIиттийна дукха даккхий а доцуш тIорказаш ду, тIехь фондан логотип а йолуш. СагIин декъе бахка луучу, буоберех дог лозучу наха ахча тосу царна чу. Шайгара кхин а сагIа дала луучу нахана оцу тIорказашна тIехь организацийн реквизи- таш а йитина оха. Ахчанца, тIеюхучуьнца, сурсаташца долу сагIа дIакхачадо оха хала бохкучу доьзалшна. Цул сов, тхайн меценаташ а бу тхан фондан. АллахIа къобал дойла церан массеран а сагIа!

– Да воцуш бисинчу доьзалшна сагIа дIакхачийна а ца Iаш, аш кхетош-кхиоран белхаш дIахьой хаьа тхуна. Бераша а, церан наноша а муха тIеоьцу и тайпа гIуллакх? Шайн хьехарш царна оьшу аьлла хетий хьуна, ИсмаьIал?

– Тхаьш дIахазаре са-м туьйсу оха. Делан къинхетамца кхеташ берш а хуьлу. Оха Къуръана тIера аяташ а, хьадисаш а даладо царна. ТIехь да воцуш бисинчу доьзалера 40 доьзалан нанас, фонде еанчул тIаьхьа, хиджаб тиллина. АллахIа Шен дуьхьа дойла церан иза. Оцу наношна юкъараллин шайца бала хилар а, тIеIоттаделлачу муьлххачу а хIуманна вайн махкахь орцах бовла дика кIентий хилар а хоуьйту оха. Церан дахар, жимма даьккхина а, аттачу даккхаре сатуьйсу. АллахIа Шена дукхабезачу лайн ийман зуьйш хилар дагадоуьйту оха царна.

– ИсмаьIал, дукха нах богIий фонде? Массарна а гIо дар хуьлий?

– Дийнахь 10–15 стаг вогIу. Бакъду, оццу дийнахь массарна а гIо дар-м ца хуьлу тхан. Царна хIун оьшу хьовсий, церан реквизиташ схьа а оьций, герггарчу хенахь царна оьшург дIакхачо хьовсу тхо. Таханлерчу дийнахь гIо дан аьтто ца болуш 1300 доьзал бу тхан списки тIехь.

ХIокху фонде баьхкинчу наношка ла дугIуш хийла дог Iовжадо. Фондера ахча-м хьовха, дерриге а дуьне оцу берашна дIадала лууш хуьлу тхо. Делахь а, АллахIана дика хаьа, далучуьнца гIо до оха хIоранна а.

– «БисмиЛлахI» фонде вогIучуьнгахь хIун тайпа кехаташ хила деза?

– Верасаллин (опекунан) паспорт, цуьнан копи, берийн паспорт я «метрически», да кхалхаран хьокъехь тоьшалла. Ша яздина заявлени. Цул тIаьхьа оха церан цIа комисси йохуьйту. Уьш хIун гIо оьшуш бу хьовсу. Цаьргахь долчу хьоле хьожжий гIо до царна.

Кхуза баьхкинчу наха шайн сагIийна хIума дIакхачийча тхоьга «Дала сагIа йойла» олу. Ас хIоранга а олуш ду: и сагIа оха луш дац, и сагIа вайн республикерчу наха луш ду, тхо и сагIа нахана дIакхачош бен дац олий. Ас и кхетам шайн белча, «АльхьамдулиллахI» олий, Далла хастам беш дIабоьлху и нах.

Ас а бо АллахIана хастам, сайн хIара гIуллакх дIалело аьтто барна.

– Шун фондехь тIаьхьалонна дIадиллина ахча а, кхидерг а дуй, цхьаъ тIеIоттаделча гIо кхачо аьтто хилийта.

– Делхьара дика-м хир дара. ТIаьхьалонна охьадиллинарг а, фондан неIаре гIо оьшуш доьзалш баьхкича, царна дIахьажадо. Иштта ца хилча-м тхан фондах а хIун дора?! АллахIан карахь ду дерриге а, Цуьнан къинхетамца аьтто хуьлу буоберашна гIо дан.

СагIа луш берш алссам мел бовлу а дуккха а доьзалшна гIо дар нисло тхан. Цхьана стага оцу тIорказаш чу кхуссуш дерг 1-2 сом бен дацахь а, цунах доккха гIо-накъосталла хуьлу хала бох- кучарна. Масала, республикерчу 10 процент вахархочо 10 сом делча и маситта доьзална гIо далла ахча хуьлу.

– Кхин цхьа а акцеш дIахьой шун фондо?

– ГIоьналлин акцеш кест-кестта вовшахтуху фондо. Цул сов, хIора кIирандийнахь буоберашна леррина самукъадак- кхаран мероприятеш дIахьо оха: ресторанашка, кафешка, парке, ловзаран чоьнашка дуьгу оха уьш.

Иштта, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствоца «Дика гIуллакхаш ден хан» акци дIахьо. Оцу акцехь концерташка, кинотеатрашка дуьгу буобераш.

Беркатечу Рамадан баттахь дIаяьхьира оха дуккха а тайп-тайпана акцеш. ГIо оьшучу 260 доьзална марха даста кхачанан сурсаташ делира. 300 берана тIеюхучуьнца гIо дира.

Товбецан (сентябрь) 1-чу дийнахь буоберашна школьни духарца, йийбарца гIо- накъосталла дан лерина ду тхо.

– ИсмаьIал, «Хайра» организацин куьйгалхо Ахмадов Минкаил вевзий хьуна? Цара бечу балхах лаьцна а яздо оха.

– Дера вевза-кх. Сан дика накъост ву Минкаил. Язъян хьакъ долуш болх а ма бу цо дIакхоьхьург. Мухьаммад Пайхамара (АллахIера салам-маршалла хуьлда Цунна) дитина суннат ду – дикачу хIуманна тIехь къовсавалар. Иштта, сой Минкаил а ву-кх сагIа дукха дIакхачорна тIехь къийсалуш. Цо ша оццул нахана гIо дина олуш, буьйсанна наб яр доцуш, цунна тIаьхьакхиа со гIерташ. Ас со хьалха ваьлла олуш, иза сол а хьалхавала гIерташ (воьлуш дуьйцу цо).

– Айхьа дийциначунна тIетоха лууш хIумма а дуй хьан?

– Вайн махкахошка, къаьсттина къонахашка дехар дан лаьар суна – сан бусалба вежарий, гIо оьшучеран: заьIапчу нехан, Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман ветеранийн, мискачеран, къаьсттина буоберийн терго яхьара аш. АллахIан дезна хIума ма ду иза.

АллахIан цIарца дехар до ас шуьга массо а хIуманна леррина терго еш, сема хилахьара шу. Боьршачу стагана хьекъал а, хьуьнар а алсам делла Дала зударшначул а. Цундела вай декхарийлахь ду буоберашца бисинчу наношна а, церан доьзалшна а гIо дан.

Вайн вовшашка озабезам хиларца, дезарца, дашарца, вовшашка гIуллакхе хьажарца бен кхочур дац АллахIан дикане. Иза хаа деза вайна. АллахIан дуьхьа деш хила дезаш ду массо а дика гIуллакх, и нийят диц дан ца деза вай цкъа а.

Таханлерчу дийнахь дуккха а вайнехан кIентий бу бусалба пачхьалкхашка гIазот даккха доьлху шаьш бохуш, тIаме дIаоьхуш. Цара шайн доьзална, юьртана, махкана хьовзам а, лазам а боккху. ГIазот даккха луучунна кхин некъ бу – буоберийн, мискачу нехан гIуллакхе хьажар. Мухьаммад Пайхамаран (АллахIера салам-маршалла хуьлда Цунна) хьадисехь аьлла ма ду: «Буоберийн гIуллакхе хьаьжначунна, гIазот даьккхинчунна санна ял хир ю». Вайн махкахь а ма бу и санна берш, вайгара гIо оьшу доьзалш. Вайн кIентий «сама бовлийта» болчу лаамца деш ду ас хIара къамел. Интернетан сеташкахула бечу харц хаамашка ладугIуш, гал бовла кичча Iаш бу вайн кегийрхой. Ларлахьара шу, вежарий! Шайн махкане пайде хила хьовсахьара шу, зуламе хила а ца гIерташ!

– Баркалла шуна, ИсмаьIал, хIара тайпа гIуллакх аш лелорна! АллахIа аьтто бойла шун массо а дикачу хIуманна тIехь. Вайн ешархошна таханлера къамел девзинчул тIаьхьа, церан дегнаш дасталург хиларх а, сагIанан дакъа лоцурш алссам хирг хиларх а тешна ю со. Аш дIахьош берг дика болх бу, Iаламат мехала гIуллакх а ду. Буоберийн аш хьостучу дегнашна дуьхьал уггаре а йоккха ял лойла шуна Везачу АллахIа.

– Амин йа АллахI! АллахI реза шун газетан белхахошна а хуьлда! Уггаре а деза совгIат ду-кх вайна массарна а буоберийн яххьаш тIехь делакъажар гар.

ГIоьналлин «БисмиЛлахI» организацин дикачу гIуллакхашка хьажа таро ю фондан официальни http://www.bismillahfond.com сайта тIехь а, Инстаграман @bismillah_fond агIонехь а.

Хь.АВХАДОВА

№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: