Хьаьттан (август) беттан 11-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школехь даздаран хьолехь хIорашеран хьехархойн республикин августехьлера конференци хилира. Актови зал дIаюьзна яра кIайн духарш дуьйхина баьхкинчу республикин школийн директорша. Дуккха а керланиг, пайдехь дерг хезар дуй хууш болуш санна, дог-ойла гIаьттина бара дешаран декъан белхахой.
Иза эрна ца хиллера. Конференце беза хьеший кхечира. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министр Ливанов Дмитрий а, Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а жаьрман терго ечу Федеральни службин куьйгалхо Кравцов Сергей а, цуьнан заместитель Музаев Анзор а, ткъа иштта Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан министр Байханов ИсмаьIал а.
Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира кхушарахь Нохчийн Республикехь керла 27 школа йина хилар, уьш «Къилбаседа Кавказан округ 2025-чу шаре кхаччалц кхиор» аьллачу программица йина хилар а. Иштта керла йоккха 4 школа еш хилар а хаийтира цо.
– Республикехь юкъаяькхина яра «Ас ЕГЭ дIалур ю» аьлла проект. Цо бIаьрлачу кхимашка, жамIашка кхачийра. Кхушара лакхабаьлла 80 а, цул алсам а баллаш яьхначу выпускникийн барам, дIадаханчу шаре хьаьжча иза кхузза лакхара жамI ду, – элира Р.Кадыровс. Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министра Ливанов Дмитрийс билгалдаьккхира 2016-чу шеран ЕГЭ-н жамIаш, бакъдолуш а, хьакъ дерш а хилар. Дешаран дикаллин тIегIа лакхадаларна тоьшалла ду иза. Дешаран хьаьрмахь йолу проблемаш гучуяха аьтто бо ЕГЭ-с. «Дешархойн кхиамаш ледара болу школаш билгал а йохуш, царна шайна леррина программаш, кечйина, юкъаялон еза» – элира Д.Ливановс. Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан автор волуш юкъаяьккхина йолу «Ас ЕГЭ дIалур ю» аьлла проект кхиамца кхочушйира республикехь. Иза СКФО-н дуккха а субъекташкахь тIеэцна, тIедогIучу шарахь кхочушйийр йолуш хилар а хаий- тира Д.Ливановс.
– Тхуна билггал «Ас ЕГЭ дIалур ю» аьллачу проектан беркат хета ЕГЭ дIадаханчу а, карарчу а шерашкахь дIаялар СКФО-н субъекташкахь кхиамца дIаялар. Лакхарчу классийн дешархошца боккха болх дIабахьар а, уьш экзаменна психологически кечбар а, хьехархойн корматалла лакхаяккхар а тIедожош бара оцу проектан бехкамаш. Иштта болх цхьана ханна доза тоьхна балуш бац, иза даима а бан безаш бу вай – элира Д.Ливановс.
Кравцов Сергейс дийцира тIедогIучу шарахь ЕГЭ дIаялар 90 процентана онлайн – видеотергонехь дIахьург хиларх лаьцна.
– 2017-чу шарахь дуьххьара оьрсийн меттан экзамен барта дIаялийта хьовсур ду. Дешархошка чиллин (февраль) беттан 1-ра де тIекхачале шайна экзамен дIаяла луу кеп предметаш къастайойтур ю, – элира Р.Кадыровс.
Иштта, чулацаме доклад йира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитела И.Тааевс.
Конференцин официальни дакъа чекхдаьлча дешаран хьаьрмахь кхиамаш баьхначу хьехархошна Ливанов Дмитрийс Сийлаллин грамоташ елира. Царна юкъахь «Россин Федерацин юкъара дешаран Сийлахь белхахо» цIерш елларш а кIезиг бацара. Ливанов Дмитрийс Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна «Россин Федерацин кегийрхойн политикин хьаьрман Сийлахь белхахо» аьлла цIе яларца ерзийра конференци.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо