Шелонан муьрана кечамбарх лаьцна дийцира

Республикин пачхьенан мэра Хучиев Муслима 2016–2017-чуй шерийн гуьйренан-Iаьнан муьрана кечамбаран гIуллакхашна лерина кхеташо дIаяьхьира.

article570

Соьлжа-ГIалин администрацехь хаам ма-барра, шелонан мур тIекхачале кечдан дезаш ду дукха петарш йолу 1 070 цIа а, социальни маьIне йолу 85 объект а.

Кхеташонехь билгалдаьккхира коммунальни службаша ремонтийн-профилактикин гIуллакхаш дIадахьарбахьанехь, гуьйренан-Iаьнан мур чекхбаллалц, болх юкъара ца боккхуш, йовхонца а, довхачу хица а кхачоян таро хуьлуш хилар. Хьокъала йоллучу службийн векалша дийцира Соьлжа-ГIалахь котельнийн, йовхонан, хи далоран, канализацийн сеталина ремонташ еш, оьшучу реагентийн тIаьхьало кхуллуш хиларх лаьцна. ХIусамийн чоьхьарчу коммуникацийн гIуллакхаш дIадерзош урхалладаран компанеш ю. Иштта, жигара дIахьош бу йовхонан сеташ а, гIирсаш а хийцаран, тобаран белхаш. ХIусамийн а, социальни объектийн а йовхонан системаш дIацIанъеш а, царна опрессовка еш а ю.

Аьхкенан муьрехь «Теплоснабжение» предприятин говзанчаша 5 километр гергга магистралан йовхонан биргIанаш хийцина, цигахь шен-шен хенахь биргIанаш юхуш хилар бахьанехь. ЦIинйина йовхонан-технически коьрта оборудовани – насосаш, биргIанаш, йовхо дIасаяларан гIирсаш, кхиерг а. Йовхонца кхачояран мур тIекхачале кечйийр ю стационаран 23 котельни а, блочно-модульни 40 котельни а, йовхонан коьрта 26 пункт а, 186,41 километр йохалла йолу йовхонан сеташ а.

Хучиев Муслима билгалдаьккхира шира яйш керлачу кхоамечу (КПД-н (пайдехьчу гIуллакхан коэффициент) лаккхара гайтам болчу) яйшца хуьйцуш хилар. Коммунальни инфраструктурин объектийн модернизаци яран гурашкахь Соьлжа-ГIалахь юкъайохуш ю йовхонца кхачоярна генара дуьйна а, сихонца а урхалла даран автоматизированни системаш. Таханлерчу дийнахь оцу кепара урхалла далуш 7 яй бу.

Цхьадолчу дакъошкахь графикал тIаьхьадуьсуш хилар а хьахийра пачхьенан мэра. Массо а декъехула болх чIагIбар тIедиллира цо. ХIокху шеран эсаран (октябрь) бутт тIекхачале ерриге а объекташ гуьйренан-Iаьнан муьрана кийча хила езаш ю.

А.СУЛИМАНОВА

№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: