билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн меттан денна лерина Соьлжа-ГIалин театран-концертийн залехь дIадаьхьначу даздаршкахь.
Кхузахь гулбеллера Нохчийчоьнан Iилманан белхахой а, тайп-тайпанчу министерствошкара, ведомствошкара, учрежденешкара векалш а, Iедалан гIуллакххой а. генарчу а, уллерчу а ярташкара а, кIошташкара а нохчийн меттан хьехархой а, Царах дукхахберш къоман духаршца кечбеллера.
Даздаран юьхь йолош, вистхилира Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Баудди:
– Мотт дIабаьлча, къам дIадолу, олу вай. И кхерам вайна ца хилийта, вайн махках, халкъах, цуьнан маттах доьзначу хIуманна, вайна ма-хаъара, къаьсттина тидам бо вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ша безаш бийцарца масал гойту цо шена уллерчу хьаькамашна а, вайна а. Цундела, лераме Рамзан Ахматович, нохчийн къомо даггара баркалла олу хьуна.
Гулбеллачаьрга динчу къамелехь Кадыров Рамзана а билгалдаьккхира:
– Бийца хаза а, оьзда а бу вайн мотт. Со нохчи ву алар дозалла хетачо буьйцур а бу иза. Вайна юккъера безам-марзо чIагIйийриг бераллехь дуьйна доьзалехь буьйцу ненан мотт бу. Кхеташ ду, дуьненахь буьйцу муьлхха а мотт хаар адаман кхетам лакхара хилар ду. Амма Европехь бехачу нохчех цхьа дакъа шайн доьзалехь буьйцучу немцойн я франкахойн маттах дозалла дан боьлча, уьш нохчий хиларан шеко кхоллало.
Вайн махкахь вай къоман долчух вай хердо Iадаташ а, гIиллакхаш а тIеэцча, вай нохчийн къам долчуьра дIадалер ду. Дуккха а шерашкахь вешан къоман дерг лардан, дебо, цунах дозалла дан мехкан дай боцуш къам хиларна, шортта эшамаш хилла вайна. Ткъа тахана, Дала мукъ лахь, хIокху мехкан, бусалба динца а болуш, ийман, ислам, яхь, доьналла долуш, шайн махках, цуьнан къомах, маттах дала жоп долуш дай а, иштта къонахий а, мехкарий а хилар Делан къинхетам ду.
Баккъал а, вайх хIорамма а лелориг Делан дуьхьа а долуш, оьзда а, гIиллакхе а, динца марзо йолуш а доьзалш кхиабахь, вайн дахар кхин а ирсе хирг хиларан цхьа а шеко яц. Декъалдо шу Нохчийн меттан денца!
Дуккха а шерашкахь нохчийн мотт хьоьхуш, иза кхиош, дебош къахьегарна цхьамогIа журналисташна, хьехархошна, Iилманчашна совгIаташ дира республикин Куьйгалхочо. Царна юккъехь вара нохчийн журналистикин къано Магомадов Салавди, «Грозный» телерадиокомпанин журналист Ахмедов Анзор, Iилманчаш – Овхадов Муса, Навразова Хьава, Тимаев Апти, хьехархой – Мумуева Хеда, Джамалуев Iийса, яздархо Мамакаев Эдуард, и. дI.кх.
Барт боккхуш, боккха кхаъ хиларца тIеийцира Кадыров Рамзана Э. Мамакаевс шена дина совгIат а – 150 шо хьалха Кишиев Кунта-Хьаьжас шен куьйга яздина жайна.
«Нохчийн мотт Iалашбархо» аьлла, сийлахь цIе тилларан тоьшалла дIаделира Республикин Куьйгалхочунна культурин министра Х.Дааевс. Даздаршкахь дакъалецира Нохчийчоьнан евзачу «Даймохк», «Илли», «Фирдаус», «Нур-ЖовхIар» ансамблаша а, халкъан артисташа Межиева Маккас а, Исмаилов Шарпуддис а.
Т.САРАЛИЕВА
Авторан сурт