Дукха хан йоццуш С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь «Кхиазхо – вуон марздаларш доцчу дуьненахь» аьлла цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахула йолчу урхаллин кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу отделан хьаькама, полицин полковника Цацаев Асланбека а, оццу отделан инспектора Зармаева Фатимас а.

Цхьаьнакхетар дIадолош, библиотекин белхахочо Докаев Вахас дийцира цхьаьнакхетар дIадахьаран бахьана а, Iалашо а.
Хьалхара дош делира Цацаев Асланбеке. Берашка вуочу марздаларех лардалар дехна а ца Iаш, цо дийцира, харцахьарчу новкъа ваьллачун гIуллакхийн ирчачу тIаьхьенех лаьцна. Кхиазхочо корта бахош долу молханаш мийлича а, цхьа а бахьана доцуш дешарх юкъахваьлча а, юкъараллин низам лар ца дича а цунна хиндолчу таIзарх лаьцна дийцира цо. Шен къамел дерзош, цо хаийтира, шайга дийцинчух пайда а эцна, дахарехь нийса некъ а хаьржина уьш дIагIуриг хиларх ша тешна хилар.
Иштта цуьнан къамеле ладоьгIча бераш кхийтира, шаьш динчу вуочу хIуманах шаьш жоп дала дезарг хиларх.
Оцу цхьаьнакхетарна лерина циггахь книгийн гайтам а вовшахтоьхнера. Хьовсархойн кхиэле ехкина книгаш йовзийтира библиотекара Балатбиева Мадинас. Хьеший а, библиотекин ешархой а хазахетарца хьаьвсира гайтаме. Цу тIехь дерзийра цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо