Нийсачу новкъа вогIург

Де-батте долуш, бутт-шаре болуш едда йоьду хан. Адам къанло, бедар тишло, зезаг худало. Делахь а, Iаламан хазалло дегнаш хьоьстуш, бераша хIусамаш йовхонах, ирсах юзуш деха вай.

IMG-20160811-WA0003

ТIехдика доьшуш кхушара 9-чу классе ваьлла, Шелан кIоштарчу Гермачигарчу №1 йолчу школера Митаев Мохьмад-Эми. КIант даима а ву дайн гIиллакхаш, ламасташ довза гIерташ а, диканиг, пайдениг дахарера схьаэца хьожуш а, лула-кулахь яхь-юхь ларъян гIерташ а.

Нанас Эсета жимачохь дуьйна нохчийн матте а, Даймохке а безам самабаьккхина кIентан даг чохь. Шен 80 шо кхаьчча кхелхина кIентан да, хIара дуьнен чу вала биъ бутт болуш.

Еша а, яздан а Iамале Мохьмад-Эмина назманаш Iемира. Iалам юххера довза лууш, диттийн а, олхазарийн а, зезагийн а цIерш нохчийн маттахь йовза лууш, уьш Iамайо цо. Нохчийн дечиг-пондар дукхабеза цунна. Цо иллеш олу Даймахках а, къонахаллех а лаьцна. Радиочухула уьш хезча, леррина ладугIу цо цаьрга, сихха дагахь а Iема.

1-чу классе деша вахча, хьуьжаре дIавелира иза. Цигахь Iамийра цо Къуръан а, мовлад а деша. Цул тIаьхьа, искусство езаелла волу кIант, нанас дIаязвира Шеларчу Культурин цIийнахь йолчу искусствон школе. Дечиг-пондар а, кехат-пондар а лакха, назманаш, иллеш ала Iамийра цунна пондарчас Ильясова Зураа а, Нохчийн Республикин халкъан артисткас Асхабова Меднис а. ЦIена, сирла аз долу жима кIант сихха везавелира царна. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина сийнна лерина даьккхина «Иймане дуьйлийша!» илли ду Митаев Мохьмад-Эмис дIаолуш. Иллина мукъам язбина Эльдарбаев Мусас, дешнаш Асхабова Меднин ду. Шелан кIоштан Администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас Шелан гимн санна тIеэцна и илли, дерриге а даздаршкахь, цхьаьнакхетаршкахь олуьйту цуьнга иза.

ХIокху аьхка кIанта кхиамца чекхъяьккхина, Аргунера ворхI шеран музыкальни школа. Муьлххачу а къийсадаларшкахь, фестивалашкахь а Мохьмад-Эмис хьалхара меттигаш йоху. Дипломаш а, Сийлаллин грамоташ а ягар йина ца валлал дукха ю кIентан. «Могаш-маьрша» передаче а сих-сиха кхойкху иза. ЧIогIа къахета цунна заьIапчу берех.

Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзанан дIадолорца кхоьллинчу «Синмехаллаш» проектехь дакъалоцуш а хилла иза. Мохьмад-Эмис дакъа ца лоцуш дIа ца доьду цхьа а деза де.

Ша исс класс чекх ма яьккхина, Соьлжа-ГIаларчу искусствон колледже вокални отделене деша ваха ойла йолуш ву Мохьмад-Эми. Жима волуш, Дудаев Зеламха а, Усманов Iимран а, Ясаев Мохьмад а санна вевзаш волу иллиалархо а, пондарча а хила лууш вара кIант. Дукха хан ца йисна цуьнан и лаам кхочушхила а.

Мохьмад-Эмин цхьа а минот мукъа яц. Уггаре а хьалха нанна цIен тIехь гIо до, мовладе а, зуькаре а лела, рузбане воьду, цхьа а пIерасканде тIех ца долуьйтуш. Дехойх цхьа а гергара стаг ца висна кIентан. Делахь а доттагIий бу цуьнан, мичча хенахь а орцаха бевр болуш. КIантана хьалха лаьтта бехха некъ. Дала цу тIехула дIаваха аьтто бойла-кх цуьнан, шен дахарехь са мел тийсанарг кхочушхуьлуш.

УМАРОВА Лиза

№92, шинара, хьаьттан (август) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: