Гуьржийчу боьду некъ…

Таханлера Нохчийчоь Дагестанца а, ГIалгIайчоьнца а, Ставрополан крайца а, Къилбаседа ХIирийчоьнца а, Гуьржийчоьнца а доза долуш ю. Республикин Гуьржийчоьнца долу доза Россин Федерацин пачхьалкхан доза лоруш ду. Цигахь ха деш ю Федеральни кхерамазаллин службин Нохчийн Республикехула йолу Дозанан урхалла. Амма Нохчийчоьнца доза долчу Россин субъекташка республикин бахархойн паргIат кхочийла делахь а, Гуьржийчоьнца долу доза хIинца а къевлина ду.

0_96adf_473b5fc1_orig

ХIан-хIа, цига боьдуш некъ цахилар дац иза. Адамо биллина некъ ца хилча а, Iаламо «баьккхина» некъ азаллехь дуьйна болуш бу – цунах Орган чIож олу. Делахь а, хIумма а ца деш нохчийн халкъ а ца Iийна: 1991-чу шарахь бина баьлла машенашна лерина некъ а (асфальт йиллина яц). Цуьнан цIе «Итон-Кхаьлла–Шатили» (ма-ярра цIе «Соьлжа-ГIала–Шуьйта–Итон-Кхаьлла–Шатили) ю, йахалла 42 километр а йолуш. Карарчу хенахь и некъ Итон-Кхаьллара дуьйна дIа Россин а, Гуьржийчоьнан а дозане кхаччалц болуш бу (40 километр). Дозанера дIа Шатили чу кхаччалц тIеоьшуш болу 2 километр некъ Тбилисис чекхбоккхуьйтуш бац, ткъа Гуьржийчоьнца Нохчийчоьнан долу доза Москвас схьадоьллуьйтуш дац. Иштта хьал ду оцу некъана гуонаха хIоьттинарг.

Делахь а, Соьлжа-ГIала лаам болуш ю Гуьржийчоьнца долу доза республикин бахархошна схьадиллина хилийта а, цига боьдуш болу некъ чекх а баьккхина, федеральни маьIна долчу некъийн II-чу декъе баккха а. Иза «Нохчийн Республикин социальни-экономикин дакъа 2020-гIа шо кхаччалц кхиоран стратегехь» билгалдаьккхина ду. И Iалашо кхочушъян 3,6 миллиард сом ахча а, Соьлжа-ГIалано Москваца а, Москвас Тбилисица а бина барт а оьшу.

Оцу декъехь болу шен лаам республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а бовзийтина: 2012-чу шеран эсаран беттан 6-чу дийнахь «Россия 24» телеканалан «Вести в субботу» программина ша еллачу интервьюхь а, 2014-чу шеран жамIашна лерина «Грозный» НПТРК-н студехь дIаяьхьначу пресс- конференцехь а.

Карарчу хенахь республикин бахархой Гуьржийчу Къилбаседа ХIирийчухула бен кхача таро йолуш бац. Иза беламе а, тамашийна а хета нохчашна.

– Азаллехь дуьйна гуьржашца лулахь бехаш бу нохчий. Вай уьш болчу а, уьш вай долчу а богIуш. Амма тахана халкъашна юкъара доза дIакъовларх со кхеташ вац. Гуьржийчохь бехаш гергара нах бу сан. Цаьрга вахар цIенна гIайгIа хуьлу-кх суна, – дуьйцу Итон-Кхаьллан кIоштарчу вахархочо Багакашвили Мохьмада.

Цо билгалдаккхарехь, жима волчу хенахь, оцу чIожехула Гуьржийчу дукха лелла иза.

Амма советийн заманахь оцу чIожехула Гуьржийчуьрчу шайн гергарчаьрга ихначу М.Багакашвилиначул а дика хуучух тера ду иза интернет-форумашкахь болчу «говзанчашна».

«Дагестанехула Азербайджане а, ХIирийчухула Гуьржийчу а хилла Къилбаседа Кавказан «кевнаш». Иза хIинцца когахIоьттинчу берана а хууш ду» бохуш яздо Приходько Виталийс.

Виталийс-м «истори» бен ца юьйцура, амма кхин а хаза ву «лаккхарчу тIегIанехь политикин хаарш Iамийна волу» Корнеев Сергей. Цо иштта яздо: «Нохчийчуьра Гуьржийчу воьдийла хилла дац. Iаламо лаьмнашца догIа «тоьхна» агIо ю иза. Амма Iаламан тIеIаткъам а беш, XX-чу бIешарахь Нохчийчохь Ичкери дIакхайкхийначара шайн дуьхьа баьккхина Гуьржийчу некъ. Оцу некъаца герзаш а кхоьхьуш, хIаллакбина россихой-салтий. Тахана и некъ дIакъевлина хилар – Ичкерина тIехь толам баьккхина хилар ду. Нагахь санна и «бандитийн» некъ юха а схьабеллахь, Россин Къилбехь шолгIа Ичкери кхоллалур ю».

Оцу некъах лаьцна С.Корнеевн йоллу ойла йолуш вара ши шо хьалха дозанхойн «Хьачара» пунктехь шен декхарш кхочушдеш хилла волу Иванов Андрей а. Цунна хетарехь, республикера Гуьржийчу боьду некъ 1996-чу шарахь бен биллина а, оцу муьрехь Соьлжа-ГIалахь Iедалехь хиллачу боевикашна бен оьшуш а бацара. Цундела, «оцу некъаца доьзначу хьолана юкъа еккъа цхьа политика еана ца Iаш, кхерамазаллин, идеологин гIуллакхаш а догIу».

Ткъа Пхьаьнгазан чIожехь бехаш берш нохчий хилар а, церан Нохчийчохь гергарнаш хилар а, оцу некъо и гергарлонаш чIагIдарал сов, шина а республикин экономикин зIенаш чIагIйийриг хилар а, схьахетарехь, цкъачунна хьехош а дац.

И.ХАСАХАНОВ

№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: