Аьхкенан мур болабелчахьана дуьйна Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографин урхаллин белхахоша жигара кхочушъеш ю берашна шайн уьйтIахь мультфильмаш гайтаран проект. Оцу проектан гурашкахь вайн республикин тайп-тайпанчу кIошташка кхочу уьш.
Иштта, дукха хан йоццуш, кинематографин урхаллин белхахо Шапаев Шукурби Старопромысловски кIоштарчу «Маяковскийн городок» цIе йолчу поселке кхечира. Кхечу кIошташкахь санна, кхузахь а бераша хазахетарца тIеийцира дагахь доцуш баьхкина хьеший. Мультфильмаш гайтаран гIирс кечбан а кхиале гулделира цигахь бераш а, царах цхьаболчеран дай-наной а.
Ш.Шапаевс гулбеллачарна дийцира, кинематографин урхалло кхочушъечу проектах лаьцна а, оцу проектан гурашкахь берашна гайта дукха дика мультфильмаш шаьш вовшахтоьхна хиларх лаьцна а.
Цул тIаьхьа мультфильмаш гайта йолийра. Наркоманина а, тонка озарна а, корта бахош йолу молханаш маларна а дуьхьал къийсам дIабахьарна лерина а, некъан боламан бакъенаш ларъян Iаморна лерина а мультфильмаш яра гайта вовшахтоьхначарна юкъахь. Царах масех мультфильм гайтира берашна.
Берийн амал шатайпа ю, хIунда аьлча, шайна гуш долу сурт дукха чIогIа тIелоцу цара, и дерриге а баккъал а ду моьттуш хуьлу уьш. Цундела, мультфильме хьовсучу хенахь церан тидам бан воьлча, мелла самукъа а долу. Иштта, «Маяковскийн городокера» бераша а дукха лерина тергалбора шаьш хьовсучу мультфильмийн турпалхой. Цаьрга хьаьжча, оцу турпалхойх церан баккъал а дог лозуш санна хеталора. Ткъа вуочу турпалхоша динарг халахетарца вовшашка дуьйцура цара. Дуккха а диканиг Iемира берашна мультфильмашка хьажар бахьана долуш. Шапаев Шукурби шаьш долчу мультфильмаш гайта юха а варе сатесна а долуш новкъа ваьккхира бераша шайн хьаша.
З.ЛОРСАНОВА
№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо