Хьаьттан (август) беттан 16-чу дийнахь Нохчийчохь хилира Россин Федерацин Правительствон хьалхара вице-премьер И.Шувалов.
Соьлжа-ГIаларчу аэропорте везачу хьешана дуьхьал вахара республикин Куьйгалхо Р.Кадыров а, Правительствон председатель А.Эдельгериев а, иштта кхиберш а.
Уггаре а хьалха И.Шувалов кхечира дуьненаюкъарчу «Грозный» аэропортан пассажирийн терминале. Цу чохь иза хьаьжира чоьхьарчу а, дуьненаюкъарчу а рейсийн залашка а, аэровокзалан кеманаш охьаховшаран зоне а, таможнин а, дозанан а пункташка а, паспортийн терго яре а.
«Вайнахавиа» предприятин генеральни директоран декхарш кхочушдечу С.Гомбулатовс дийцира аэропорто бечу балхах лаьцна. Цо билгалдаьккхира цхьана сахьтехь республикин пачхьенан аэропортах 150–200 пассажир чекхваккхалуш хилар а, 2015-чу шарахь реконструкци яр бахьана долуш кеманийн «лаьттийла» шорйина хилар а.
Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс билгалдаьккхира карарчу хенахь республикин Правительство керлачу аэропортан проекта тIехь болх беш хилар.
Цул тIаьхьа везачу хьешана гайтира республикин пачхьенан тоьлла лоруш а, карарчу хенахь еш йолу а тайп-тайпана объекташ: А.-Хь.Кадыровн цIарах йолу «Ахмат-Арена» спортан комплекс; Старопромысловски кIоштахь «Россихойн доьзалшна – хIусамаш» программица еш йолу «Солнечный» микрорайон; Дагестански урамехь инвестицийн чоьтах дина долу ши цIа; лекхагIишлойн «Грозный-Сити» комплексана юкъайогIуш йолу «Грозный» отель а, бизнес-туш а.
Москвара хьаша а, республикин куьйгалла а Соьлжа-ГIалара Устрада-ГIала дахара. Цигахь И.Шувалов хьаьжира гIалин промышленни декъе.
Устрада-ГIалин мэра И.Темирбаевс ша куьйгалла дечу гIалин социальни кхиорах а, промышленностах а лаьцна дийцира И.Шуваловна.
Цунна гайтира АвтоВАЗ-н автомобилийн продукци арахецаран, шекар а, дама а даккхаран заводаш, жижиган комбинат, «ЦIенош даран комбинат» цIе йолу гIишлошъяран, коьчалш арахецаран комбинат, иштта кхиерш.
Цул тIаьхьа И.Шувалов а, Р.Кадыров а хьаьжира Кадырова Айманин цIарахчу «Ненан дог» маьждиге.
Цигара уьш Гуьмсе гIала бахара. Гуьмсан коьртачу урамашка, цхьайолчу социальни объекташка бIаьрг а тоьхна, уьш Соьлжа-ГIала юхабирзира.
Чаккхенехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Соьлжа-ГIаларчу резиденцехь республикин Правительствон премьер-министраца А.Эдельгериевца цхьаьнакхетар дIадаьхьира цо.
Цигахь дийцаре дира республикехь ипотекин кредитовани кхиоран гIуллакхаш.
И.ИСЛАМОВ
№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо