Селхана Соьлжа-ГIалахь шен болх дIаболийна кегийрхойн дуьненаюкъарчу динашна юкъарчу форумо «Даг чохь тешар а долуш – терроризмана дуьхьал» ю форуман цIе. Иза Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 65 шо кхачарна лерина ю.
И мехала форум дIайолаялале хьалха Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар цхьаьнакхийтира регионан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министраца Умаров Джамбулатца. Цигахь премьер-министра тидам тIебахийтира хьеший тIеэцаран, форум дIаяхьаран, маьIнечу кхечу дакъошкахь кечамаш баран гIуллакхашна. Оцу декъехь сагатдан оьшуш хIума цахилар дIахаийтира Дж.Умаровс.
Цо ма-бохху, дикачу вовшахтохараллица дIаболийна кегийрхойн форумо шен болх. Цигахь дакъалоцуш ву вайн махкара а, дозанал арахьара а цхьа бIе гергга стаг. Уьш бусалба а, керста а, иудаизм а дин лелош болу кегийрхой бу.
Министра Умаров Джамбулата форуман хьалхарчу дийнахь аьлла ма-хиллара, Нохчийчохь тайп-тайпана дин лелош болу кегийрхой вовшахтохаран коьрта Iалашо ю къаьмнашна а, динашна а юкъара барт чIагIбар, оцу динашкахь болчу кегийрхойн вовшашца уьйр-марзонаш тасаялийтар, вовшийн культурийн мехаллаш йовзийтар, цхьамогIа кхин а.
Форумо шен болх хьаьттан (август) беттан 20-гIа де тIекхаччалц дIахьур бу. Оцу кхаа-деа дийнахь дуккха а цхьаьнакхетарш хир ду кхузахь. Форуме баьхкинчарна хьалха къамелаш дийр ду цIеяххана болчу Iеламнаха, мозгIарша, ткъа иштта политикин, культурин, юкъараллин, спортан гIуллакххоша. Цуьнца цхьаьна хьешашна йовзуьйтур ю Соьлжа-ГIалара а, Нохчийчуьра а исбаьхьа меттигаш.
Шеко йоццуш Россин а, дозанал арахьарчу мехкийн а кегийрхойн вовшашца йолу юкъаметтиг тоярехь, вовшашца зIенаш тасарехь, мехала маьIна лелор ду Соьлжа-ГIалахь дIайоьдучу дуьненаюкъарчу динашна юкъарчу кегийрхойн форумо.
Дала тIаьхье беркате йойла цуьнан!
Д.ХАМЗАТОВ
№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо