Россин политикин еа партин Нохчийн Республикехь йолчу отделенеша республикин Парламентан IV-чу кхайкхаман депутаташ харжарехь дакъалоцур болчу шайн векалийн спискаш йовзийтина Нохчийн Республикин Харжамийн комиссина. Юьйцуш йолу йиъ парти «Единая Россия», КПРФ, «Справедливая Россия», «Патриоты России» ю. Республикин Парламентан депутатийн харжамашкахь оцу партийн 208 векала дакъалоцур ду.

Республикин Парламентан IV-чу кхайкхаман депутаташ харжар дIахьур ду Харжамийн цхьааллин дийнахь – товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь.
Уггаре а хьалха оцу харжамашкахь дакъалоцур болу шен векалш «Единая Россия» партис бовзийтира мангал (июль) беттан 21-чу дийнахь. Цуьнан 62 кандидат ву. Дукха тIаьхьа ца йисира КПРФ а – цуьнан векалш билгалбевлира мангал беттан 25-чу дийнахь. Коммунисташа билгалваьккхина 52 кандидат.
III-чу кхайкхаман Парламентехь, карарчу хенахь, Нохчийчохь отделенеш йолчу 30 партех 3 бен билгалъяьккхина яцара – «Единая Россия», «Справедливая Россия», «Патриоты России». 41 депутатах 37 «Единая Россия» а, 3 «Справедливая Россия» а, 1 «Патриоты России» партийн векал вара.
«Таханлерчу дийнахь республикин Парламентан IV-чу кхайкхаман депутатийн харжамашкахь шайн векалша дакъалоцург хилар тIечIагIдина политикин еа партис. Царна юкъахь «Единая Россия» а, «Справедливая Россия» а, «Патриоты России» а, Россин Федерацин Коммунистийн парти а ю. Оцу партийн Нохчийчохь йолчу отделенеша Харжамийн комиссина оьшуш долу кехаташ дIаделла», – элира Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин векала А.Мадаевс.
Цо билгалдаккхарехь, «Патриоты России» партис шен 51 а, «Справедливая Россия» партис шен 43 а векал билгалваьккхина Харжамийн комиссе кхаьчначу кехаташкахь.
Билгалдаккха догIу Нохчийн Республикин Парламентан III-чу кхайкхаман депутатийн хан 2018-чу шарахь чекхйолуш хилар. Амма карарчу шеран асаран (июнь) баттахь Парламентан депутаташа шайн лаамца хенал хьалха шайгара декхарш охьадехкира.
Парламентан председатела М.Даудовс билгалдаккхарехь, иза бюджетан ахча кхоадаран а, республикин бахархошка Нохчийн Республикин керлачу Куьйгалхочуьнца цхьаьна Парламентан керла депутаташ харжийта лааран а дуьхьа дина дара.
И.АДАМОВ
№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо