Пхийтта шо хьалха ма ца моьттура вайна хIокху кепара даха, даха-дахка, дийша-гIовтта паргIато хир ю. Вайна иза хилийтархьама, Дала Кадыров Ахьмад-Хьаьжех бахьана хIоттийра. Цуьнан куьйгаллица вайн халкъо терроризмана а, экстремизмана а тIехь толам а баьккхира, вайн дахар маршонан хорша а дерзийра. Амма халкъана хьалхаваьллачу Ахьмад-Хьажин ницкъ тоьар бацара и некъ дIаболо, тIаьхьахIиттина турпала кIентий ца хиллехьара. Дела реза хуьлда царна массарна, шайн синош ца кхоош, вайн халкъ хIокху маршоне кхачорехьа кхахьегарна! Ишттачу кIентех цхьаъ ву чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон ведомствона юкъа ца догIучу гIаролан эпсар волу Газиев Iийса. Тахана а шен белхан декхарш кхочушдеш ву иза.
– Карарчу хенахь масех объект ларъеш ду тхо. Тхан белхахой белхан декхаршца дика ларош а бу, – дуьйцу цо.
Газиев Iийсаца къамел дечу юкъана хаало, иза дарже кхийдаш цахилар.
– Адамана уггаре а лакхара дарж – иза ша а, шен халкъ а маьрша дехаш хилар хета суна. Тахана иштта хьал ду вайн махкахь. Цундела вайн бахархошка, къаьсттина кегийрхошка ала луур дара суна харц къамелех а, дегIана зуламе долчух а ларло, – дуьйцу цо. – Халкъана паргIато елахь а, мохк машаран некъаца кхуьуш белахь а, оцу халкъан хIора а адамана иза лаккхара дарж ду аьлла хета суна. Тахана оцу некъаца вайн халкъ а, мохк а бигаран дуьхьа къахьоьгуш ву республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цуьнан накъостий а хилла, кхин а жигара къахьега деза вай. Нийсса, пхийтта шо хьалха вайна дагахь а ма дацара, вайн мохк иштта зазадаьккхина, хазбелла дIахьуттур бу бохург. Нохчийн халкъ а, мохк а шена дукха безаш хиларна, Кадыров Рамзана дуьненан ялсамане а йина, дIахIоттийна хIара латта. Цуьнан накъост а хилла, айса яьккхина хан эрна ца хиллий хаьа суна.
ТIеман кхерам герга гIоьртинчу хенахь махкара дIабахара цхьаберш, ткъа шайн Даймахкахь бисинарш шайн а, гергарчеран а синош лардан хьаьвсира. Оцу хенахь вайн мохк а, халкъан маьрша дахар а лардан арабевллачарах ву Газиев Iийса а, цуьнан накъостий а. Шайн дахар ца кхоош, махкана синош дIадала кийча лаьттина уьш. Церан болх тахана а ца баьлла аттачу: кхерам болчу меттехь а юха ца бовлуш къахьоьгу цара. Масане хала киртиг тIехIутту царна, амма уьш толамца царах чекхбовла хьуьнар кхочуш бу.
– Тхан отделехь болу белхахой, цхьаъ санна, массо а тешаме, хьанал, доьнал долуш, хIара вукхул гIоле ву аьлла, къасто йиш йоцуш а ву. Шайна тIедиллина гIуллакх, ледарло ца еш, дуьззина чекхдоккху цара, – дуьйцу I.Газиевс.
Белхахойн лааме хьожуш, шен ницкъкхо- чучу барамехь церан аьтто бан гIерташ, церан сий-ларам а, тIалам а беш схьавогIу иза.
УСУМОВ Яхья
№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо