Вайн дайша йийцина зама хIинца а сан иэсехь ю. Ширачу заманахь а, советан Iедал чIагIдалале а нохчийн махкахь дуьйш-дерзош хилла долу латта юкъара хилла. Мехкан, юьртан кхиэло дуьйш долчу лаьттан хIора кийсак кхоамца лелийна.
Шен сацамца юьртан кхиэло юьртахь бехаш болчу бахархошна, лелон лаьттан урд луш хилла. Цу хенахь латта духкуш-оьцуш цахилла.
Ялта шайна ханна лелон деллачу лаьтта тIехь нохчаша леррина къахьегна. Шен-шен хенахь аьхна, мекха баьккхина, хIу дIадийна, асар дина, кхиъна ялта гурахь чудерзийна. И бахьанехь шайх тешийначу уьрдан тIера цара алссам рицкъа даьккхина.
Вайн дайша, тIалам беш, пайдаоьцуш хилла шарахь къахьоьгуш даьккхинчу ялтех. Бахаман хьашташна оьшшучу барамехь дакъош деш, доькъуш хилла шаьш гулдинарг. Уггаре а хьалха цунах дIакъастош, тIаьхьалонна дIадуьллуш хилла бIаьста дIаден лерина долу хIу.
ШариIато билгалдинчу барамехь дIакхачийна юьртарчу заьIапхошна, буоберашна, кхаба стаг воцчу, цомгашчу, баккхийчу нахана луш долу закат. Цул тIаьхьа, дисина ялта доьзал кхаба а, хьайбанийн хьашташна а дIалуш хилла.
Шайн куьйгашца, хьацарца даьккхина, уьнах цIена рицкъа тоьаш хилла доьзал хене баккха а, хьаша-да тIеэца а. Вайн къаноша ма-дийццара, оцу хенахь нохчашна юкъахь чIагIделла, леррина лелош латталелоран гIиллакхаш хилла. Шерийн зеделлачух, Iаламан хьелех пайда а оьцуш, юьртабахаман белхаш дIабаьхьна. Зеделларг долчу къаноша билгаъеш хилла ахархой кха тIехь болх бан арабовлу хан.
Шеларчу къаночо Абумуслимов Хас-Мохьмада (Дала гечдойла цунна), дуьйцура: – Революци хилале хьалха, къанойн кхеташоно билгалйора ахархой кха тIе болх бан арабовла беза хан. ХIора шеран бекарг (март) беттан 25-чу дийнахь охана доладора.
Оцу хенахь тракторш, нахарш, мекханаш, кхиболу латталелоран гIирсаш ца хилла. Йолчу таронех тоам бой, говраш, стерчий, готанаш цхьаьнатухий, бIаьстенан аренийн белхаш бина.
Цул тIаьхьа жима а, воккха а араволий, шайна кхожо кхачийначу оханашна тIе – кIа, мукх, хьаьжкIаш, кхоьш, гIабакхаш, хохаш, кхийолу ораматаш юьйш къахьоьгура.
Шеларчу къаночо Хаджимурадов Iабддулас (Дала геч дойла цунна), билгалдоккхура: – Уггаре а хала мур бара асаран мур. Ораматийн зIийдагаш лаьттара хьалаевлча асар долон дезара. И болх куьйга бора. Асар сиха чекхдаккха олий белхеш вовшахтухура. Кхаа-деа дийнахь шайн-шайн урдаш асарх цIандора.
Баккхийчу наха иштта дуьйцура: – ХьаьжкIаш, хорбазаш, пастанаш хуьлучу хенахь аренашкахь цхьа а стаг, зуда, кегий нах, бераш хьийзаш цахилла. Бошмашка нах цагIертаран шатайпа бахьана хилла. Хилла хьаьжкIа, хорбаз, паста езаелла, цахууш, Iехавелла цига кхаьчначо тIе куьг кховдийна курхалла дарах ларлуш, къахьегначарна вас ца ян, нах къинойх ларбан Iалашо йолуш, иштта гIиллакх лелийна.
Цул тIаьхьа, кенан-маьрсан мур тIекхаьчча, къанойн тоба кха тIе а йоьдий, ораматаш хиллий хьожура. Цара урдахошка хаам бора.
– БIаьста вай лаьттах дIайийнарг кхиъна, ялта чуоьцу мур тIекхаьчна, – олий.
Дуьйш-дерзош лелочу лаьттан дикалла массанхьа а цхьабосса ца хилла. Цундела ши шо мосазза долу, кхаж тосий, урдаш хуьйцуш хилла. Гуш ду, цу тIехь а вайн дайша нийсо лелийна хилар.
КIа, хьаьжкIаш, хас-стоьмаш лелон атта ца хилла вайн дайшна. Оьшшучохь вовшашна гIо-накъосталла деш, халонаш эшош къахьоьгуш, рицкъа даьккхина цара.
Бусалба динна, нохчийн гIиллакхашна, ламасташна тIетийжаш бертахь баьхна оцу заманахь нах.
Латта къуьйсуш, и бахьана долуш вовшашна цатемаш беш меттигаш кIезиг хилла. Советан Iедало халкъан хилла долу дерриге а латта пачхьалкхан дола дерзийна, колхозаш, совхозаш ехкира. Гулдеш хилла долу дерриге а ялта пачхьалкхан сайрешка дерзийна. И Iедал дац хIинца.
Вайн халкъан таро ю хIинца дайша лелийначу гIиллакхех пайда а оьцуш шайн долахь долу латта лелон. Хьанал, шен ницкъаца, шен куьйгашца даьккхина рицкъа токхвеш хилла даим.
ИРИСХАНОВ Iимран
№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо