Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министр Сулейманов Эльхан а, цуьнан заместитель Исакова Зарема а, оцу ведомствон дарбалелоран департаментан директор Джунаидов Лом-Iела а, Гуьмсан кIоштарчу Дарбанхихь йолчу республикин психиатрин больницехь хилира.

Э.Сулейманов больницин зударийн а, божарийн а корпусашка хьаьжира. ХIора отделенехь 90 маьнга бу, иштта, берийн отделенехь дийнахь йолчу стационарехь 20 меттиг а ю.
Белхан гIуллакхца цига ваханчу министра шен къамелехь хьахийра тIедогIучу шарахь больницехь берашна лерина 60 маьнга болу отделени а, больницин керла корпусаш яйта дагахь хилар. Психиатрин больницин балхе хьаьжначул тIаьхьа, делегаци БоргIанехь йолчу хиндарбанан метте а кхечира. Дарбане хьостанаш схьадуьйлучу меттехь йина ю хиндарбанан меттиг. Цигарчу лор-терапевта Р.Ургуевс билгалдаьккхира оцу хьостанан дарбанечу билгалонех дерг. Къилбаседа Кавказан гIараяьлла евзачу курорташкахь долчу хинел оьшуш дац шен дикаллица БоргIанера хи. Дала деллачу оцу хинан ниIмат дарбанан билгалонех дуьзна ду. Кремний олу элемент цхьана литр хица 68 грамм ю. Шех пайдаэца хиъча доккха беркат ду вайн мехкан шовданаш а, хьостанаш а.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо