Къийсадаларш дIадуьйладелла хьаьттан беттан 13-чу дийнахь. Уьш вовшахтоьхна Москва гIалин физически культурин а, спортан а департаменто, Москван городошни спортан федерацис, Россин Федерацин городошни спортан федерацис, Москвара пачхьалкхан исбаьхьаллин историко-архитектурни, Iаламан-ландшафтан «Коломенское» музей-заповеднико.
Городошни спорт халкъашна юкъахь яржийтаран а, тIекхуьуш йолу тIаьхье патриотизман ойла йолуш хилийтаран а, кхечу халкъашца долу доттагIалла чIагIдаран а Iалашо ю Россин пачхьенехь городошни спортехула Москва гIалин Дуьненаюкъара Кубок яккхаран къийсадаларш дIадахьаран.
Дуьненан а, Россин а тоьлла спортсменаш а, иштта городошни спорт езархой а – Россера, Беларуссера, Эстонера, Германера, Украинера, Молдовера, Израилера, Эрмалойчуьра, Казахстанера, ГIиргIизойчуьра, Латвера, иштта кхечу пачхьалкхашкара спортсменаш – къийсадаларшкахь дакъалоцуш хир бу.
Городошни спортехула дIахьош долчу къийсадаларшкахь дуьххьара дакъалоцуш ю Нохчийн Республикера команда. Нохчийн Республикин городошни спортехула йолчу федерацина мехала хилам бу иза. ХIунда аьлча цо аьтто бийр бу городошни спорт вайн республикехь яржийна а ца Iаш, Къилбаседа Кавказан федеральни округехь а яржон.
ЦIерш яха лаьа цигахь дакъалоцуш болчу вайн спортсменийн. Уьш бу: Магомедов Адам, Даниев Адам, Магомадов Рахьман, Вокаев Дени.
– Оьрсийн городки ловзаран гIоьнца дуьненан халкъашна йовза аьтто бу Россин культура, цуьнан Iадаташ, истори. Тхан Iалашо ю городошни спорт дахар могаш хилийтаран а, садаIаран а, кегийрхой патриотизман ойла йолуш хилийтаран а кеп хилар дIакхайкхор. Шеко йоцуш ду спортан и кеп муьлхха а хенаш йолчу нахана кхеташ а, муьлхха а хенаш йолу нах ловзалуш хилар а. Хьалха нехан самукъадоккхуш спорт иза хиллехь а, хIинца городошни спорт дуьненаюкъара спортан кеп хилла дIахIоьттина, цо халкъашна юкъахь долу дозанаш дIадоху, – бохура къийсадаларш вовшахтоьхначара.
Хьаьттан беттан 20-чу дийнахь къийсадаларийн тIаьхьара де ду, цу дийнахь билгалбевр бу толамхой.
Л.ДАУТОВА
№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо