«Кавказана машар» фестиваль хир ю

Россин Культура (2012–2018-чуй шерашкахь) Федеральни Iалашонан программин гурашкахь Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а культурин министерствоша а, Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо а хьаьттан (август) беттан 24-чу дийнера 26-чу дийне кхаччалц Соьлжа-ГIалахь искусствон «Кавказана машар – 2016» берийн фестиваль дIахьур ю. Культурин министерствон пресс-службо хаам барехь, фестивалан йоккхачу программина юкъадогIу Къилбаседа Кавказан культурин шатайпаналла гайтар.

Фестиваль дIаяхьаран Iалашо: къаьмнашна юкъара гергарлонаш, культурин зIенаш чIагIъяр; хIора халкъан къоман-культурин башхаллех кхета лаар; вовшашца тарлуш хилар кхиор, кхоллараллин къамелаш деш, зеделларг довзийтар.

Соьлжа-ГIалин сценашкахь Къилбаседа Кавказерчу ворхI регионера (Дагестан Республика, ГIалгIайн Республика, Ставрополан край, ГIебартойн-Балкхаройн Республика, Къилбаседа ХIирийн Республика, Кхарачойн-Чергазийн Республика, Нохчийн Республика) берийн коллективаша шайн кхолларалла гойтур ю.

Иштта, фестивалан программица нийса а догIуш, цхьамогIа гIуллакхаш кхочушдан дагахь бу фестиваль вовшахтоьхнарш. Масала, Соьлжа-ГIалахула экскурсеш яр, фестиваль даздаран хьолехь йолош а, ерзош а гала-концерт ялар, Нохчийн Республикин декоративно-прикладни а, изобразительни а исскуствийн а говзанчийн белхийн гайтам-ярмарка яр.

«Кавказана машар – 2016» искусствийн берийн фестиваль культурин а, искусствийн а деза де хилла ца Iаш, Къилбаседа Кавказан халкъашна юкъара барт-марзо, гергарлонийн уьйраш чIагIъеш болу юкъараллин хилам хиларе сатесна ду Нохчийн Республикин культурин министерствон куьйгалла.

Искусствон, хазаллин дозанаш дац олуш ду. Цунна тоьшалла хир ду Соьлжа-ГIалахь даздаран хьолехь дIахьон йолу «Кавказана машар – 2016» фестиваль.

З.ХИЗИРОВА

№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: