Цхьа тамашийна шийла еанчу Iаьржачу Iуьйранна вайнах махках бехира. Иза дара 1944-чу шеран 23-гIа февраль. Iедалан коьртехь хиллачу Сталинан а, цуьнан гIоьнчийн а лаамца дукха адамаш шаьш динчу, даьхначу меттигех дехира. Казахстане, ГIиргIизойчу дIабахийтира нохчий а, иштта цхьайтта кегийра къаьмнаш а. И истори вайна дика евзаш ю. Иза кхоччуш йийца Iалашо яц сан. Сайна хазахетта долу цхьа хIума дийца лаьа суна, вайна дукхадезаш долчу «Даймохк» газетехула.

ГаланчIож – нохчийн махкахь уггаре а исбаьхьа Iалам АллахI Дала делла меттиг ю. Оцу хазачу Iаламах, беркатечу лаьттах, дарбанечу бецех, диттех, цIеначу шовданех пайдаэца ницкъ ца кхечира цхьана хенахь оцу меттиган дай хилла баьхначу нехан. Делан лаам хилла, нохчий цIабирзича, ГаланчIожан кIошт меттахIотто бакъо ца елира Советан Iедало.
72 шарахь лаьтташ ю и меттиг луьста хьун яьлла, латта хьанделла, бес-бесара зезагаш махо лестош, хьозарчаша хIора бIаьста самукъане эшарш лоькхуш, шен дайшка сатуьйсуш, байлахь йисина.
«Даймохк», дукха хан йоццуш хаза кхаъ кхечи соьга, оцу кхоо хаза ойланаш кхоьлли даг чохь, ойланашца дагалецамаш а карлабевли. И хIун кхаъ бу тIаьхьуо могIанаш дешча хуур ду хьуна. Иштта исбаьхьа туьйранан мохк болу ГаланчIож сан дай баьхна кхерч бу. Ас хьалха ма-аллара, оцу кхерчана тIебоьду тхан некъ 72 шаре бахбеллера. Дахаран беха мур бу иза. Генахь доцучу оцу лаьмнашка, Iен а, ваха а йиш йоцучу лаьмнашка хьала а хьоьжуш, дIаихи сан шераш а… Делан эхарте бирзина дIабахана оцу меттиган дукхах болу дай а. Ткъа тхо а – церан тIаьхенаш къандели цIа ца кхочуш… Тахана со йоккхаейо сан а, сан дIабаханчу, Дала ялсманехь тойойла церан меттиг, дайн а лазамах буьззина лаьттина кийра, цхьа кIеззиг, газетехула «бассо» йиш хиларна.
Дас-нанас, гергарчара ма-йийццара даг чохь йисина, гIелъелла ойла а хилла, латта йиси хьо, тхан сатийсаман хIусам, генара «гIайре» а хилла. АхбIе шо сов хенахь хьуна тIеихначу догIанаша цIандина, хаздина лаьтташ ду хьан лаьмнаш. Маржа яI, сан лаьмнаш, ма оьшура шуна дайн дош. Со оцу дешнех кхеттал йоцучу хенахь суна хезнера: «Дай баьхначу махках девлла лелачу адамашна уггаре а хьалха оьшуш дерг дайн ДОШ ду», – олуш. Иза бакъ хиллера. Оцу дайн даше кхача гIерташ, кхин кхаччане а тхо ца кхочуш, йиллина йисина неI а йолуш, лаьтташ бу тхан дай баьхна мохк. ХIокху доккхачу дуьненахь шел исбаьхьа меттиг йоцуш, лаьтта иза тийна. Латта хьайна! Амма дукха латта беза аьлла-м ца хета суна. Хьан бакъйолу бакъо кхайкхош таханлерчу дийнахь да вели хьан. Оцу ден цIе дешин йозанца, бухь лекхачу лаьмнийн бердаш тIехь дIаязъян паргIато а, ницкъ а лойла вайна массарна Везачу Дала!

Дукха лаьтти хьо, буобер хилла, аганан гIаж лаца, и ага тахко нана йоцуш, дезарг дан несарий боцуш, хьан урд-дакъош аха кIентий боцуш, ирзош чудерзо мангалхой боцуш, хьан хIусамехь назманаш ала баккхий нах боцуш… Кестта, ГаланчIож, хьан ношделлачу стоьмийн чам боккхуш, берийн самукъане аьзнаш хезар ду аьлла хета, хьан хьостанийн хиш мала, хьагвелла вогIу маьрша хьаша гур ву аьлла хета. Дала бакъдойла иза.!
ГаланчIож, маьрша вогIу хьаша эша ма войла хьан лаьтта тIехь. Бакъду, кхайкхаза баьхкина хьеший дуккха а гира хьуна. Уьш бара лакхарчу даржехь хилла Iеса партбелхахой. Дуург-мерг тоьллачу машенашкахь хьуна тIедохьура цара, ГаланчIож. Ткъа ахь, хьайн комаьршалле хьаьжжина, шуьйра тIемаш дIасадаржадой, уьш тIеоьцура, церан сакъерадолуьйтура, хьогалла а йойъура, тамхиллачу догIмашна чIогIа набарш а кхоьтуьйтура, дан амал ца хиларна. И кхайхказа болу хьеший цхьана денна ца богIура. Хьан Iома йистте садаIа ховшура уьш, дийнна кIирнаш дохуш. Цара балабора шайца вайн Нохчийчуьра боцу хьеший а. «Швейцарех» цецбаха балош бара уьш. Iома йистехь летайора цIераш, охьакхуьссура нехаш, дIабоьлхуш буха а юьтура. Жижигаш доттуш, кхехкош, яйшка кIеж туьйсуьйтуш, маларо бахабой, хьан «дай» бу боху Iеса нах ма дукха гира хьуна. Гира сих-сиха богIуш-тIеоьхуш, цецбуьйлуш…
Амма, хьо-м яцара, ГаланчIож, цецъюьйлуш, хьо яра са детташ, сатуьйсуш…
Iуьйранна кхета малх
Сан дуьхьа-м ца кхета,
Суьйранна бузу малх
Сан дуьхьа-м ца бузу, – бохуш, гIийла узамаш беш, латта-м лаьтти хьо, дай баьхна хIусам. Хьо Делах тешна яра даим, хьайн бакъо тоьлург хиларх а тешара хьо. Ахь хаддаза бора Далла хастам. Кхайкхаза хьуна тIебогIуш хилла и хьеший хьан махка тIера йорах дIа-м ца боьлхура. Маьрша вогIуш хиллачу хьешан дин-говр дIатаса боьгIна хилла гоьзанаш бухбохура оцу акхачу, Дела воцучу адамаша. Чартигаш а ца дуьтура. Уьш некъаш дахка, бахамаш бан дIакхоьхьура, шаьш цкъа а лийр дац моьттуш. ХIора хIусамехь хилла йолу кахьарш а ца юьтура.
ГаланчIож! Хьуна гирий ломахь юттуш хилла чIагIонан бIаьвнаш? Гира дера! Гира хьокхуш, огуш дIабуьллу тIулг, бухахь шуьйра, лакхахь готта. Царна тохку тхевнаш а гира. И бIешерийн бIаьвнаш къиза йохош а гира. Стиглара седарчий къегаш гира хьуна. Буьйсанна кхетта беттаса лепаш гира хьуна, амма и беттаса кхин серладолуш-м ца гира. Нашхан ага техкош гира хьуна, и ага къиза дагош а гира. Цхьана Iуьйрана малх схьакхеташ гира хьуна, амма и малх боьлхуш, дан амал доцуш, чубузуш а-м гира. ДегIах Iоьттина шаьлта чекхъяьлча санна, цIогIанаш хезира, баккхий нах, бераш доьлхуш хезира. Бехк боцучу адамашна къематан де хIоттош гира, и мисканаш угIуш, бежанаш Iоьхуш-м хезира. И хьайбанаш студебекаршна тIаьхьа уьдуш, доьлхуш а гира хьуна. Салташа тешнабехк дегнашкахь къуьйлуш гира хьуна. Хьайн лаьмнаш буоберах тIаьхьахьоьжуш а гира. Бакъо яйъина, Iовжийна, чахчийна лаьмнаш дара уьш. Бертаза дIасакъаьстира адамаш а, лаьмнаш а вовшах.
Шаьш лаьхкина дигначу генарчу махкахь, дийнахь сарралц болх а бина, суьйранна чубирзича, гуллуш, бухадисинчу лаьмнаша санна, адамаша а бира гIийла узамаш. Делан пурбанца, 13 шо зама Казахстанехь а яьккхина, нохчий цIабирзира. Балаза бисинарш шайн-шайн ярташка баха хевшира. Ткъа ГаланчIожан, ЧIебарлойн кIоштийн бахархоша нохчийн мехкан тайп-тайпанчу меттигашкахь керла хIусамаш кхоьллира. Советан Iедална ца лиира оцу шина кIоштан бахархой бахьанехь цхьажимма а къахьега. Оцу Iедалан цалаам а, цалазам а бара иза. И беркате латтанаш юкъара даьхнехь а, Iедална карийра эрна Iохку, цкъа а шайх пайдаэцаза долу латтанаш. Царах пайдаэца беза аьлла, кхайкхам бира. Казахстанан, Сибиран латтанаш тIехь дIаболийра белхаш. Шелоно цIийзош лаьттинчу меттигашкахь цIерпоштнекъ – Байкало-Амуран магистраль йира. Оцу белхашкахь жигара дакъалоцуш вайн нохчийн кегийрхой-комсомолаш а бара. Оцу меттигашка баха ховшийра хIора къомах нах… Амма вайн лаьмнийн латтанаш-м дIакхийсира, бехчалг санна.
ХIинца, ахбIе шо сов хан яьлча, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ГаланчIожан, ЧIебарлойн ши кIошт меттахIотто сацам бина хиларо сан дог айъи. И боккха кхаъ бара, газет, хьуна со бовзийта гIиртинарг. Кадыров Рамзанан дош – ДОШ хилла дIахIоьтти Нохчийчохь. Цуьнан омрица меттахIоттийна Соьлжа-ГIала, Гуьмсе, Аргун, кхийолу шахьарш, гIаланаш, ярташ. Дукха хан йоццуш, токхамаш хиллачу ярташкахь керла цIенош дина, некъаш дехкина, газ, электросерло тIеялийна. Цецваллал хIума хилла а ца Iа иза. Бутт а балале, Рамзана а, цуьнан тешамечу накъосташа а кхочушдира и мехала гIуллакх. Советан Iедал долчу хенахь цхьа гIишло ян пхи шо гергга хан оь- шура.
Сан дайн кхерч ГаланчIож иштта лаьттира, ягийна, човхийна, лазийна, ерина, амма къар ца луш, Везачу Делах тешна… Ша лийр елахь а, дийхира цо Деле, цкъа ненан мотт хаззалц ца ялийтар, вайнехан хелхаран кIеж шен лаьтта тIехь тассалц дийна йитар, шена къематан де хIоттийначарна неIалт кхайккхолц – гора ца яхийтар.
ХIара могIанаш яздеш, суна «гуш» ю ГаланчIожна тIебоьдучу некъа тIехь бина-боьттина «Сатийсаман ХIоллам». 72 шеран билгало йолу 72 лами а го (оццул беха бахбелла дайн кхерчана тIебоьду некъ бу иза). Лаьмнийн когашкахь Iуьллу къена нана го: «Ва, со ма йиталахь!» – бохуш, тIаьхьа мохь хьоькхуш, амма… Шу 72 (шерел) ламел дехьа ялсамане а го суна…
ГаланчIож доггах мохь бетташ ю… Нохчийчохь динчу диканашна тоьшалла деш гIевттина таха- на ГаланчIожан ярташ: Пешха, МозаргIа, Хьайбаха, Айсалкха, Акхбаса, ХIийла, Аьккха, Кей, Никара, ТIера, КIербача, Кхоьргача, Велаха, Ялхара, ЧIармаха, кхиерш а.
ГаланчIож, со дуьнен чу яьлча дуьйна, сан бIаьрса хилла чекхъели хьо. Генарчу махкахь 13 шо а даьккхина, вайнах цIабирзинехь а, хьан дай тахана а цIакхачаза бу. Церан гIенийн гIевла а хилла чекхъели хьо. ХIара дуьне мел ду аренца тхан некъаш хьийза даьлча, некъан илли а хили-кх хьо. ДегIан гIора дайна, лазаро лаьцча, луьйзу Iаса а хили-кх хьо.
«Нуьречу бIаьргаш тIе кIайн марха еъча…
Некъаша Iийшина кура дог сецча,
ТIаьххьара къонахийн верта тIе тесча,
ТIаьххьарчу новкъа со ойъучу ханна,
Даймохк, хьо хилалахь со ойъу барма!».
Оцу могIанашца дерзо лаьа суна сайн къамел. Иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Р.Кадыровна даггара баркалла ала лааро дайтина дара соьга.
А.ЧАГАЕВА
№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо