Цкъа, лаьмнийн цхьана юьрта йисте нисвеллера со а, сан доттагI а. Буьйса яра тIегIерташ. Ткъа лаьмнашкахь иза хьалхе юлу. БIаьрга Iоьттича пIелг а гур боцуш, бода булу. Ткъа тхойшиъ кхин а дIаваха везаш вара.

Юьхьанца кхуззахь, шуьйра тIамарш а яржийна лаьттачу боккхачу попа кIел буьйса яккха сацам хилира тхойшиннан. Арахь ерг йовха аьхке ма ю. ГIелвелла тхойшиъ хIара беха, хала некъ беш.
– Хаьий хьуна, – боху сан доттагIчо. – Ас школехь даима пхеаннаш дохура географина, кIезиг евзаш йолчу вайн географина а тIехь. Нагахь санна сан иэсо суна тешнабехк ца бахь, кхоъ, йиъ километр дIавахча, кхузахь цхьа юрт хила езаш ю. Цига гIур ву вайшиъ. ХIусамдайша тIе а лоцур ву.
– Цара-м тIелоцург хир вара. Вуьшта, бала бан ца лаьа-кх хийрачу нахана. Вайна уьш а ца бевза, царна вайшиъ а ца вевза, – эккхийтира ас.
– Иштта ма дийца. Вай цхьа ламанхой ма ду. Хьаша-да тIеэцар уггаре а деза гIиллакх ма ду вайн.
Юха а дIаволавелира тхойшиъ.
Геннахь гучуевлира догучу чиркхийн серлонаш.
Кхин а жимма юххе вахача, еттачу вотанан гIовгIа а хезира.
– Синкъерам къекъаш болчух тера ду. Вайшиннан некъ тайна лара, – куьйгаш туьйхира доттагIчо.
ХIусамдас-м хьовха, дикане гулбеллачу массара а гIиллакх-оьздангаллица тIелецира тхойшиъ – кхайкхина воцу ши хьаша.
Буьйсанан тIаьххьалц бахбелира синкъерам. Оха цаьрга а ца буьйцура тхаьшшимма арабаьккхина некъ, цара тхоьга а ца хоьттура.
Цул тIаьхьа хIусамдас чукхайкхира тхойшиъ.
– ХIара ю шуьшиннан хIусам. ДIатарло, шайн цIахь санна. Ткъа шун гIуллакхе кхана хьовсур ду вай.
ТIаккха хIусамда, тхойшиннан самукъадаккха, цхьа забаре шира хабар дийца волавелира. Иза, дагадогIу суна, доттагIаллех а, вовшахкхетарх а, оьздангаллех а дара.
Цуьнан хабар чекхдала герга дахча, цхьа воккха стаг чоьхьавелира. Лулахо хиллера иза.
Лулахочо, воккхачу стага элира: – Ас а дуьйцур ду шуна, кегий нах, цхьа хабар. Вай дерриге а цхьа вежарий ду. Ийза ма ло. Тахана хIокхо шу тIелаьцна, – хIусамдена тIе куьг хьажийра цо. – Кхана шайн хIусамехь аш тхо тIелоцур ду. Иштта ду дахар. Коьртаниг – даг чохь хьагI-гамо цакхиор ду.
ТIаккха, жимма собар а дина, иза дийца волавелира: – Вехаш хилла цхьа дог вуон стаг. Шен оьмарехь цо нахана шортта вуонаш дина хилла. Уьш деш схьавогIуш а хилла. Церан къинойх хьалха ца валлал.
Цкъа хала цамгар а кхетта, Iожаллин меттахь Iуьллуш хилла иза. Цхьана дийнахь иза волчу догIу Iожаллин малик. Цо аьлла: – Со хьан са эца деана. Хьуна, ахь летийначу къиношна, кечйинарг жоьжахате ю. Кечло!
– Нагахь санна, хьо иштта ницкъболуш делахь, – аьлла къизачу стага, – сан цхьа дехар хир дара хьоьга. Кхочушдехьа иза! Ас чIогIа доьху хьоьга!
– Схьаала.
– Суна кечйинарг жоьжахати елахь, сан дехар иштта хир ду: сох цхьа нана-доккха адам дехьа, оцу жоьжахати чу со цхьаъ бен тарлур а воцуш.
Дахана АллахIе дIадовзийтина малико цуьнан дехар. Дика ла а доьгIна, АллахIа и къиза стаг ялсамани чу вахийтина.
Делахь-хIета, иза шен дог дика стаг ма хилла, ткъа вуонаш цуьнга дойтурш цхьацца бахьанаш, хьелаш хилла.
…ШолгIачу Iуьйранна говрашкахь, юххе ваьлла ши говр-бере а волуш, тхойшиъ новкъавелира.
Билггал тIекхуьур дац вай кхолламан некъашна.
ШАЙХИЕВ Iалвади
№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо