Хеда ша дукха жима йолуш дуьйна а ламаз-мархина чIогIа тIера хилла. Нийсархошна юкъахь иза къаьсташ хилла гIиллакхе, оьзда, эхь-бехк хиларца, ков-кертара гIуллакхаш тIех лерина деш хиларца. Кхиъна яьлча Кишига маре яхана иза. Церан ялх доьзалхо кхиъна: виъ кIант а, ши йоI а. КIентийн цIерш Мовсар, Кунта, Висха, Муцу (МоцIа) хилла. Ткъа йоIарийн цIерш Мата, Хьапта хилла.

Шен да Киши гIазотехь кхелхинчул тIаьхьа Кунта-Хьаьжа Эртина коьрте дIакхелха, цигахь кIотар а юьллу. ТIаьхьуо Хьаьжин-Эвла аьлла цIе туьллу цунна. Цхьана дийнахь Iаламан устаза шен нана – Баба-Хеда Эртина юьгу. Цигахь ненан а, кIентан а вовшашца хиллачу къамелан хьокъехь яьккхина назма ю. Оцу назмано къеггина гойту вайна цаьршинна хилла юкъаметтиг а, Дала Кунта-Хьаьжина делла карамат а. Цундела цуьнан цхьа дакъа шуна довзийта лаьа…
… – Дела реза хуьлда хьуна, ва Баба-Хеда
Везачу вайн Дала ма боху шега,
Кху лекхачу Эртинахь хьо дIайоьллина,
Хьо махках вала веза,
Везачу Дала ма боху шега,
Лекхачу Эртинахь хьо дIаерзаяй,
Хьо ДегIастанах къаста веза.
– Во-о, шен дика ва Хьаьжа,
Стигалхула лелачу олхазарша бен,
Лаьттахула лелачу акхароша бен Латта ца хьоьшучу
Кху лекхачу Эртинахь ша дIайоьллина
Мича ваха воллу те хьо?
Оцу Иласхан-Юьртахь
Хьайн дадина – Кишина гергахь
ДIахьулъехьа ша-ма.
Дала хьайна цигахь дIахьулъян
Пурба ца лахь,
Оцу Иласхан-Юьртахь
Шен кIантана Муцина гергахь
ДIахьулъехьа ша-ма.
Дала хьайна цигахь дIахьулъян
Пурба ца лахь,
Оцу веданхойн кешнашка йоллий,
Адам долчохь дIахьулъехьа ша-ма,
Шен дика ва Хьаьжа.
– Дела реза хуьлда хьуна, ва Нана-Хеда,
Оцу Иласхана-Юьртахь
Вайн дадина Кишина уллохь хьо дIахьулъян
Дала пурба ца ло хьуна шена,
Оцу Иласхана-Юьртахь, хьан кIантана Муцина гергахь
Хьо дIахьулъян вайн Дала пурба ца ло хьуна шена,
Оцу веданхойн кешнашка хьо дIайолла,
Дала пурба ца ло хьуна шена,
Кху лекхачу Эртанахь хьо дIайолла боху шега.
Ва Нана-Хеда, ша Делаца чIагIо йо хьуна,
Кхузара хедар ма дац хьуна; маликийн, эвлаяийн орца
Хьаьжа къобалвина,
Вай дуьйцу хазарехь устаз лаьцна
Вайн баккхий, кегий муридийн,
Вайн кегийчу берийн орца
Кхузара хедар ма дац хьуна;
Вайша бухахь долуш бен
ВогIург тIевогIур ма вац хьуна,
Вайша бухахь дитина бен
Воьдург юхавоьрзур ма вац хьуна;
И нехан дIабоьхкинчийн тезет
Мел дукха дахделча а,
КIиране бен ца долу хьуна;
Хьан тезет ца хедаш
Авалера Эхаре гIур ду хьуна,
Хьо реза хилахьа, ва Баба-Хеда…
Иштта, шен нана реза а йина, зерат дина цIа деана Хьаьжий, цуьнан нана Хедий. Шен кIанта Кунта-Хьаьжас ма-аллара, Эртинахь дIайоьллина Хеда. Иза кхелхина 1860-чу шарахь (хIижратан 1276-чу шарахь). Цуьнан каша тIехь къуб а, зерат а дина СаIудийн Аравера веанчу Жамалайлин кIентан Сайд-Селиман кIанта Сайд-Iаьлвис. Иза Мухьаммад Пайхамаран (Делара салам-маршалла хуьлда цунна) йоьIан ПетIаматан тIаьхьенех ву.
Оцу Сайд-Iаьлвис олуш хилла шен ден Сайд-Селиман весет кхочушдеш веана ву ша. Цо тIедиллина хилла цунна гена махка а гIой, шайх Кунта-Хьаьжин ненан каша тIехь зерат де, бусалбанашна цига а оьхуш Везачу АллахIе шайна гечдар, шайх къинхетам бар дехийта, доIанаш дайта, аьлла.
Советийн Iедал долчу хенахь а хIора дийнахь дуккха а адамаш оьхура оцу зерате, Iедало беш луьра бехкамаш хиллехь а. Оцу Iедало магош дацара цуьнан дола дар, цунна Iуналла дар. ХIетте а наха къайлах-къулах Iуналла дора цунна, иза битамехь латтадора.

Нохчийчуьра тIаьхьара тIемаш чекхбевлча, ма-дарра аьлча, 2009-чу шеран гурахь зерат тодина, хаздина, къагийна дIахIоттийра Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца. Тахана республикехь уггаре а хазачу зератех цхьаъ ду иза. Баба-Хедин зерате оьху Нохчийчуьра хьовха, Россин дуккха а регионашкара, дозанал арахьара бусалбанаш.
Кунта-Хьаьжас аьлла ма-хиллара, Баба-Хедин тезет ца хедаш Авалера Эхаре гIур долуш ду. Цунна тоьшалла лара мегар ду цхьана а дийнахь цигара адамаш хедаш цахилар.
С.ХАСАНОВ
№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо