Суьрташ дахаран болх дIаболийна

Хууш ма-хилллара, шолгIа шо ду Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон дIадолорца суьрташ дахаран, школа схьайиллина. ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Кегийрхойн цIийнехь дIаболийна шайн болх къоначу суьрташдахархоша.

img1051-1

ХIокху шарахь къоначу суьрташдахархойн дешар дIадоладелира вевзаш волчу нохчийн суьртийн-пейзажиста Берсаев IабдуллахIа мастер класс яларца. Цо дийцира фотообъективан дукхаллех лаьцна а, штативашца а, фильтрашца а болх муха бан беза а.

Суьртийн школа вовшахтохархоша дийцарехь, кхузахь кхин а ши хьехархо хир ву, портретан а, студин а фотосъемкийн башхаллаш йовзуьйтуш Яралиев Юсуп-Хьаьжа а, суьртийн репортажан башхалла йовзуьйтуш Вахаев Казбек а.

Суьртийн искусство кхоллараллин уггаре а яьржина кеп ю. Цара дийцарехь, даккха ма-дезза сурт даккха лууш болчу суьрташдахархойн аьтто бу Нохчийн Республикин Iаламан хазалла, кхузаманан архитектурин а, культурно-исторически а мехаллаш йовзийта.

З.САГАЕВА

№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: