Вайн халкъан исторехь стага лелош долу маьIна

Иштта цIе йолуш йоккха кхеташо дIаяьхьира хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин векалша. Иза лерина яра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 65 шо кхачарна. Иза дIахьош вара Нохчийчоьнан Юкъараллин палатин председателан декхарш кхочушдеш волу Каримов Iалу. Кхеташо вовшахтоьхнера вайн регионан профсоюзийн федерацин гIоьнца.

Screenshot_2

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван, республикин муфтин наиб (заместитель) Абдуллаев Аслан, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Батаев ГIайрсолта, Россин Юкъараллин палатин декъашхо, Нохчийчоьнан Юкъараллин палатин Аппаратан куьйгалхо Хаджимурадов Мохьмад, республикин профсоюзийн Федерацин председатель Солт агереев Хьусайн, цхьамогIа кхиберш.

Кхуза баьхкинчаьрга салам-маршалла а луш, кхеташонон болх дIаболийра ГI.Батаевс. Цо йоцца йовзийтира тахана хIокху кхеташонехь цхьаьнакхетаран Iалашо. Цул тIаьхьа, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахаран некъан хьокъехь йолу видеоролик гайтира. Иза чекхъяьлча, Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина байташ йийшира могашалла дика йоцчу Мацагов Микаила а, Умханова Ясминас а. Дагах хьакхалуш яра цара а, ткъа иштта Волгоградера веанчу хьашас, поэта Поляков Василийс а ешна байташ.

Кхеташонан белхан къепенца нийса а догIуш, цул тIаьхьа доклад йира регионан Юкъараллин палатин кегийрхойн политикин а, физически культурин а, спортан а гIуллакхашкахула йолчу комиссин председатела Дунаев Мусас. «Нохчийн халкъан исторехь стеган маьIна» яра цуьнан цIе. Юкъ-кара цо билгалдаьккхира: «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин политикин а, идеологин а гIуллакхаллин гIолецира 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь дIаяьхьначу дерриге а халкъан референдумехь. Оцу денна тIера дIайолалуш ю Нохчийн Республикин пачхьалкхан хIинцалера истори, оцу дийнахь кхаьчна халкъ дозуш цахиларе, оцу дийнахь схьаелаелла культура, оьздангалла, политика, экономика кхиоран таронаш. Нохчийн Республикехь граждански юкъаралла кхиорна цо юкъайиллина коьрта хазна ю ша дан дагалаьцнарг дерриге а Кадыров Ахьмад-Хьаьжас чекхдаьккхина хилар а, шен метта дIахIотта, шегара мукъ схьаэца шен кIант, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан кхиийна хилар а. Вайн махкахь боккха сий-ларам бина ца Iаш, дуьненахь а сийдеш, лоруш ву иза!..».

IMG_7645

Доклад чекхъяьлча къамелаш дира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин бIанакъостий, гIоьнчий хиллачара. Царна юкъахь вара Р.Дадаев, Т.Алиев, А.Абдуллаев, Хь.Солтагереев, ГI.Батаев, М.Хаджимурадов, цхьамогIа кхиберш. Церан дагалецамаш Ахьмад-Хьаьжига болу сий-ларам чIагIбеш, кхин а лакхабоккхуш бара. Цул сов, гIазотехь дIакхелхина волчу цунна дика тоьшаллаш а дара уьш.

Кхеташо ерзош массара а доIа дира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, гIазотАн новкъахь цуьнца цхьаьна кхелхинарш декъалбар, царна гечдар Деле доьхуш.

Д.АНАДЕВ

№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: