Цуьнан дахар – вайна массарна а бIаьрла масал

ХIокху шеран хьаьттан беттан (август) 23-чу дийнахь Нохчийчохь билгалдоккхур ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 65 шо кхачар. Оцу дезачу денна тIекхочуш регионерчу кхочушдаран Iедалан органаша, меттигашкахь шаьш урхалла даран органаша, юкъараллин цхьаьнакхетараллаша тайп-тайпана гIуллакхаш вовшахдетта. Цигахь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахаран а, кхолламан а, къинхьегаман некъан а хьокъехь дийцарца цхьаьна дийцаре до юкъараллин ийманан, оьздангаллин мехаллаш кхиоран а, чIагIъяран а хьокъехь долу гIуллакхаш. Иштта дIахьо исторехь Ахьмад-Хьаьжас лелийна маьIна довзийтар.

77_w1200_h800

Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин планашна юкъахь а ду «Ахьмад-Хьаьжа: баьччанан похIма, къонахчун майралла» цIе йолу майраллин а, стогаллин а дарсаш дIадахьар, кхеташонаш, «горга стоьлаш» вовшахтохар. Халкъо шен иэсехь латтош а дозалла деш а ву къоман турпалхо. Боккхачу безамца дагалоьцу цуьнца доьзна мел дерг. Цунна баркаллаш боху маьрша дахар дIахIотторна. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весеташ а, сатийсамаш а кхочушбеш ду нохчийн халкъ, шена хьалхаваьлла цуьнан кIант Кадыров Рамзан а волуш. Цуьнан куьйгаллица Нохчийчоь, овкъаршкара гIаьттина, хазъелла, токхе хилла дIахIоьттина. Баккъал а зазадоккхуш бу вайн мохк.

Нохчийн халкъан керла истори дIайолаелла 2000-чу шеран асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь. Оцу дийнахь Россин Федерацин Президента Путин Владимира куьг яздира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхо хIотторан хьокъехь долчу Указана. Цул тIаьхьа мел хиллачу хиламаша гайтира бинарг Iаламат чIогIа нийса харжам хилла хилар. Иза оцу дарже хIотточу хенахь хьесапе ийцира Ахьмад-Хьаьжин дика амалш: хьикмат, собар, майралла, доьналла, муьлххачу а гIуллакхах долу жоьпалла тIелаца хьуьнаре хилар, и.дI. кх.

Билгалдаккха деза Путин Владимиран а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а республикехь долчу юкъараллин-политикин хьоле цхьатерра хьежамаш хилла хилар. Цу шиннан вовшашца йолу юкъаметтиг а, доттагIалла а чIагIдора Нохчийчоьнан а, Россин а хиндолчун, кхолламан хьокъехь хеташ дерг цхьатерра хиларо. И шиъ тешна вара Россин а, Нохчийчоьнан а историн кхолламаш, вовшах къасталур боцуш, цхьаьнабоьзна хиларх а, Нохчийчоьнан хиндерг Россин дуккха а къаьмнийн доьзалехь хирг хиларх а.

Нохчийн халкъан оьмарехь уггаре а хала, кхераме, чолхе беанчу муьрехь нисвелира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа республикин куьйгаллехь. Таханлерчу дийнан ойла йича кхета халкъ динах ца дохийта гIерташ цо лайначу балех, ша шен ца кхоош, де-буьйса ца лоьруш бинчу белхан йозаллех. Баккъал а оцу чолхечу хьелашкахь ма дукха къахьега дезна-кх цуьнан республика тIеман багара яккха гIерташ, дахар маьршачу некъа тIе дерзо гIерташ, халкъа юкъахь барт, маслаIат дан гIерташ.

ХIетахь хиллачун, оцу баккхийчу хиламийн тешех цхьаъ ву со. Тахана а санна, хIетахь Устрада-ГIалахь Iаш вара со. Суна сайна гина, дас шен доьзалан санна, Ахьмад-Хьаьжас нохчийн халкъан беш хилла гIайгIа, цунна сагатдеш хилар. Иза тешна вара ша нийсачу некъа тIехь хиларх. Оцу тешаман ницкъаца халкъ а тешадора цо хаьржинарг нийса некъ хиларх. Мел чолхечу хьолехь а цунах хьалхавала нийса некъ карош хиларо, халкъан хьашт-дезарш массарначул а дика девзаш хиларо, нахаца дан (царна синтем беш) къамел хиларо халкъехь цуьнга а, нийсо хирг хиларе а, кханене а, дикачу агIор хийцамаш хирг хиларе а тешам кхуллура.

ДIасадекъаделла долу халкъ дара уггаре а хьалха вовшахтоха дезаш. Ткъа иза, эзар дакъа хилла, даьржина дара. Нохчийн Республикин Iилманийн академин Президента Гапуров ШахIруддис ма-аллара, ур-атталла доьзалех а хьакхаделлера декъадалар. Дукха доьзалш бара динан харц хьехамаш бахьанехь а, политикин хьежамаш бахьанехь а бекъабелла. Цундела оьшура халкъана юкъахь барт бар, иза цхьаьнатохар.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжас коьртачу декхарех цхьаъ лорура граждански юкъараллин институташ юха вовшахтохар а, кхиор а. Оцу Iалашонца арадаьккхира цо 2002-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 24-чу дийнахь «Нохчийн Республикехь законность а, бакъонийн къепе а ларъяйтарна кхачоярехь кхитIе а долчу гIуллакхийн хьокъехь» долу №76 йолу Указ. Республика социально-экономикин кхиорехь, ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиорехь юкъараллин организацеша лелош долу мехала маьIна гуш, хууш вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

Нохчийн Республикин граждански юкъаралла тахана кхуьуш ю. Цу юкъахь бу дуккха а жигара бахархой. Тайп-тайпанчу юкъараллашкахь цхьаьнакхетта болчу цара дакъалоцу пачхьалкхан а, юкъараллин а гIуллакхашна урхалла дарехь.

Шеко йоццуш, Нохчийн Республикехь машар а, синтем а хилийтаран некъа тIехь коьрта бара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь референдум дIаяхьаран хьокъехь бина политикин сацам. Оцу референдумехь Нохчийчоьнан халкъаша машарехьа, Россица цхьаьна кхиарехьа харжам беш кхаьжнаш тесира. Россин цхьааллица йоьзна хилла проблема дIаелира референдум дIаяхьар бахьана долуш. Россин пачхьалкхан дуьхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжас гайтина хьуьнар дара иза.

Цо гайтинчу хьуьнаран мах хадор санна ду Ахьмад-Хьаьжин цIе иэсехь йисийтаран дуьхьа дина гIуллакхаш. Цуьнан цIе лелош ду Нохчийчуьра а, Россин цхьамогIа регионашкара а, дозанал арахьара а урамаш, майданаш, паркаш, тайп-тайпана объекташ, хIурда кеманаш, кхидерш. Иштта дукха хан йоццуш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе тиллина Санкт-Петербургерчу Дудергофни татолана тIехула тиллинчу тIайна.

Россин пачхьалкхан Куьйгалхочо Путин Владимира шен къамелехь буьззина мах хадийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахаран а, амалан а: «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа башха стаг вара, вуьззина къонах вара, оьзда, гIиллакхе, Iаламат чIогIа майра вара. Цуьнан оьздангалла гучуйолура цо цкъа а шена хIума доьхуш цахиларехь. Тхойшиъ миччанхьа а вовшах кхетча, стеннах лаьцна къамел деш хилча, дерриге а хьаьвззе нохчийн халкъан хьашташна тIедогIура. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дахарера дIаваха хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь, вайн дерриге а халкъан дезчу дийнахь. Толаман дийнахь и дIаваха тоьлла а волуш. Иштта кIентий шен болчу халкъах дозалла ца дойла, сий-ларам ца бойла дац». 12 шо хьалха аьлла долу и дешнаш тахана къаьсттина деза а, доккхачу маьIне а хета. Цара дагна хьаам бо, шатайпа Iаткъам бо.

Ахьмад-Хьаьжа истори юкъа вахана стаг ву. Цо шен дахарца, шегарчу масалца гайтина шен халкъан а, мехкан а дуьхьа муха ваха веза. Дахарехь шен некъ хаьржинера цо. Оцу некъа тIера ца волуш, дахарера толамхо а волуш дIавахана иза. Оцу башхачу стеган дахаран берриге а некъ вайна массарна а, тIекхуьу йолчу тIаьхьенашна а бIаьрла масал ду. Вайн декхар ду Ахьмад-Хьаьжа иэсехь висийтар, кегийрхой цуьнан дахаран а, амалан а, белхан а масал тIехь кхетош-кхиор.

Везачу Дала нийсачу, паргIатонан новкъа дIадаха хьекъал а, кхетам а лойла вайна.

ГI.БАТАЕВ

№93, еара, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: