Нохчийн Республика кхиоран стратегехь мехала меттиг дIалоцуш бу республикерчу халкъийн культура, ламасташ довзийтаран а, даржоран а болх. Оцу декъехь деш дуккха гIуллакхаш ду: хIора баттахь а дIахьош ю культурин, культурно-спортан а, тайп-тайпана мероприятеш. Царна юкъахь къаьсттина меттиг дIалоцуш ю «Бенойн бIаьсте» цIе йолу фестиваль.
ХIокху шарахьлера фестиваль Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 65 шо кхачарна лерина ю. Хьаьттан (август) беттан таханлера, 20-гIа де, фестивалан хьалхара де ду. Тахана фестивалан гурашкахь дан лерина дукха гIуллакхаш ду: Iуьйранна 10 сахьт даьлчахьана, делкъанна 13 сахьт даллалц йолчу хена юкъахь фестивалан дакъалацархоша Iаьмнаш-ТIе (Iаьшни-ТIе лома тIера дIабуьйлабелла) олучу лома тIехь Россин а, Нохчийчоьнан а байракхаш тухур ю; 13 сахьтана тIера 14 сахьт даллалц Нажи-Юьртахь реконструкци йина болу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах болу урам схьабоьллур бу; 16 сахьт даьлча «Бенойн тайпанан маьIна нохчийн халкъан исторехь а, культурехь а» цIе йолчу конкурсан жамIаш дийр ду; 17 сахьт даьлча телевизионни «Синмехаллаш» цIе йолу конкурс-фестиваль дIахьур ю.
Билгалдаккха догIу «Бенойн тайпанан маьIна нохчийн халкъан исторехь а, культурехь а» цIе йолу конкурс кхаа декъехь дIаяьхьна хилар: «Бенан истори», «Бена литературехь а, прозехь а», «Бена живописехь а, декортивно-прикладни искусствехь а».
Фестиваль хьаьттан беттан 20–21-чуй деношкахь дIахьур ю. Цунах лаьцна мелла а шуьйра дуьйцур ду оха газетан рогIерчу номерехь.
И.ИСЛАМОВ
№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо