Доккхачу дахаре гIулч йоккхушехь, лаьттан чIагIо а карийна, когаяхара Асмаъ. Хьехархойн училище чекх а яьккхина, юьхьанцарчу классийн хьехархочун балха дIа а хIоьттира. Безамо хаьржинчу хIусаме дIа а таръелира, гергара нах а, лулахой а, евза-езарш а хьега а хьоьгуш. ХIинц-хIинцца шен болабеллачу доьзалх йоккхаеш, ког байбелла дIалелара.

Цо цхьанхьа дешнера, олуш а хезнера, цIеххьана тIедеанчу ирсан оьмар йоца хуьлу бохуш. Амма цуьнан ойла ян, хьесап дан, кIорге кхиа, кIеж туьйсуш кхехкачу дахарехь хан ца карайора. Караяхь а, иштта мурст тIе-герга йита а ца лаьара. Иза баккъал а ирсе яра.
Амма цхьана дийнахь, шен хьастаме экамечу зIаьнаршца хIокхунна белакъежна малх, дагахь а доцуш, дIабайра, бIаьргаш чу бода беара.
Ца бевзачу нехан йоккха тоба кетIа хIоьттира. Ирча, шийла кхаъ беара цара Асмаан хIусаме. Некъан бохамехь дIакхелхинчу цIийнден дакъа дохьуш баьхкинера нах.
Шерачу, цхьа а гIорза, хьоькх йоцчу новкъахь шершира Асмаан ког. Охьакхетта, атаелла, яьржина дIайоьдуш ма лаьтта со-м, аьлла, дагатоссушехь, цхьа гIортор хааелира цунна – кIел белш хIоттийнарг вара цуьнан воккхах волу, дейтталгIачу шаре лестина кIант Мохьмад.
Юха а дегI хьаланисдира Асмаа. Дакъийра бIаьрхиш. Юха а малх хьаьжира цуьнан даг чу.
Цхьана эшшара дIаоьхура дахар. ЦIахь – доьзалх, школехь – дешархойх, иштта доттагIех, накъостех Iехалуш, цара цIеххьана бехаза беанчу балина кийра гатбан меттиг ца юьтуш дIаоьхура иза.
Шо-шаре лестара. Зама а, пачхьалкхан дIахIоттам а хийцабелира. Школехь йогIучу шайнех, хIора денна лехамаш алсамбуьйлу доьзал хенебаккхар халачу делира. Мел дукха безахь а даго хаьржина некъ, цунна га тосуш, кхечу новкъа яла дийзира Асмаан. Иштта нисъелира иза базара, йохк-эцар лело.
Юьхьанца бевза-безачех, уггаре а коьртаниг – шен хиллачу дешархойх къихкинехь а, базаро дукха сиха шен кIуркIмане дIаяьхьира иза. ХIинца, хьалха хьехош хилла школа наггахь а ца хьахайора. КIант бов ваьккхина. РогIехь ю ши йоI.
Вайгара тIетухур ду вай: тIаккха паргIтъер яц Асмаъ. Кхуьур ду берийн бераш. Царна а оьшур ю кхуьнан дегайовхо, безам. Церан дуьхьа хIора Iуьйранна базара некъ бийр бу. Суьйранна тIаьххьа, пхьуьйре кIарглучу хенахь чуйоьрзур ю.
– ХIун диэ-те? ХIун диэ-те? ХIун диэ-те?
И хаттарш жоп доцуш дуьсур ду. Дуьсур ду кхин а дуккха хаттарш тIаьхьа а дазош, нагахь санна хIора вахархо, хIоьттинчу хьолан чолхаллех а, шен шен жоьпаллех а кхетта, зовкх дебочу новкъа ца валахь.
Иштта ю-кх некъаш къаьстачохь хIуьтту хаттаран хьаьркаш.
ШАЙХИЕВ Iалвади
№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо