ЕГЭ-н декъехь хийцамаш барехьа кхаж тосу

ХIора шарахь Рособрнадзоран куьйгалло пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяларехь тIетоха я хийца лууш дерг довзаран Iалашонца бахархошна юкъахь кхаж тасар дIахьо. Кхушара а леррина динчу ege2017@cobrnadzor.gov.ru электронни адресна тIе бIеннашкахь кехаташ яздина наха. Уьш дерриге а тидаме эцна, церан хьесап дина дешаран эксперташа. «Рособрнадзор даима а кийча ю ЕГЭ-н хьокъехь долу хаттарш схьаэца, нахана юкъадало луу керла, пайдехь долчуьнга ладогIа. ЕГЭ дIаяларан бакъенаш низаме ерзорехь хьесапе эцна дуккха нехан хьехарш. Цара ЕГЭ дIаяларан гIуллакх цIеначу новкъа даккхарехь доккха дакъа а лецира» – элира Рособрнадзоран куьйгалхочо Кравцов Сергейс.

141112839a2e483e9329428cae134489

ЕГЭ дIаяларан хьокъехь шайна хетарг дIаала, тIетоха лаам болчу бахархойн кхаж таса аьтто бу хьаьттан (август) беттан 23-гIа де тIекхаччалц. «Дешаран керлачу шарахь ЕГЭ-н декъехь бина хийцамаш Рособрнадзоран куьйгалло товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де тIекхачале бовзуьйтур бу» – билгалдоккху Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон пресс-службин куьйгалхочо Усманов Мовлдис.

З.ХИЗИРОВА

№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: