Дукха хан йоццуш Россин коьртачу цхьана телеканалехь Советийн союз йолчу заманахь гIараваьлла вевзаш хиллачу жухаргах Попов Олегах лаьцна передача яра. Цуьнга хьаьжначул тIаьхьа сайн ненах Зазех лаьцна гIайгIане а, самукъане а дагалецамаш хьаьдира сан иэсе. ДагадогIу, цу генарчу хенан цхьана дийнахь тхан нанас доккха совгIат динера тхуна – гIараваьллачу жухарге самукъадаккхийта цирке дигира тхо.

Сан ненан цIе (Дала гечдойла цунна) Лабазанова Заза яра. Иза йина 1947-чу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь махкахваьккхинчу Шишханов Хожин доьзалехь. Иштта цIе нохчашлахь туьллуш яцара. Цу цIарца доьзна дийцар, цуьнан дерриге дахар а санна, тамашийна дара. Казахстанехь волчу хенахь, Зазин дас (сан ненадас) колхозера етт дIа а бигина, махкахбаьхна болу меца нах бузийнера. И бахьанехь набахти чу воьллинера иза. Цуьнца цхьаьна набахти чохь Заза цIе йолуш цхьа гуьржи хилла. Кхо шо хан чохь яьккхина, цу ханна шена дика доттагI хиллачу Зазица ша дIасакъаьсташ, Хожас дош делла хилла гуьржичунна, цуьнан цIарца шен дуьххьарлерчу доьзалхочун цIе тилла. Иштта дIайолалуш ю сан ненан Зазин дахаран истори.
1957-чу шеран асаран (апрель) баттахь сан ненан доьзал Соьлжа-ГIала цIа бирзира. Амма, уьш хьалха Iийначу меттехь кхин нах бара Iаш. Заза шен деца, ненаца Октябрьски кIоштахь яха хиира. Жимма тIаьхьуо, петарийн цIенош дечохь болх беш хиллачу Зазин нанна Алиева Тамарина «Березкин» кIоштахь петар елира.
Заза йоккха а хилла, ненаца цхьаьна гIишлошъярехь болх беш яра. Тамарина шен доьзалхочунна кхин а диканиг дезара. Цундела хIуманаш тега Iама яхийтира цо йоI. Иза боккха аьтто бара, хIунда аьлча хIетахь нохчашна деша баха вуно хала дара. Шина шарахь деша дезаш долу дешар, цхьана шарахь эхашарахь чекх а даьккхина, №4 йолчу бедарш тегаран ателье балха яхара Заза. «Вайнах» ансамблан хелхарчашна духарш тоьгура цо. Эсамбаев Махьмудан цхьадолу духарш а Зазас тегнера.
ТIаьхьуо, «Силуэт» цIе йолчу хIуманаш тоьгучу фабрике балха яхара сан нана. Цигахь дика говзанча санна билгалъяьллера иза. КхидIа Заза фабрикин куьйгалхо яхийтархьама, иза Ростован кIадин промышленностан институте деша хьажо гIерташ хиллера куьйгалхой. Амма дас-нанас ша цхьаъ яха пурба а ца делла, Ростове деша ца йоьдуш йисира Заза.
Тхо цирке дахарна тIе юхайогIуш ала деза, сан хIетахь исс шо дара, цкъа бен со сайн ненаца кхин циркехь хилла яцара. Сан халахетарна, нанас чIогIа вийцина волу жухарг О.Попов циркан актерийн тобанна юкъахь ца хиллера. Амма, ша гIараваьллачу цу жухаргана куй тегарх лаьцна сан нанас дийцар цкъа а дицлур дац суна…
1960-чу шерийн юккъехь дара иза. Цирк схьаеллар дIакхайкхийна хилла тхан нанас болх бечу фабрикехь. Москвара а, Ленинградера а Соьлжа-ГIала богIучу циркан артисташна совгIатна костюмаш тега аьлла хилла кхаьрга. Билгалдаьккхина артисташна юкъахь Попов Олег хилар а. Цу хенахь совгIатна яла хIума, тега кIади карадан вуно хала хилла, шен чоьтах хIетте а. ТIаккха Зазина дан хIума карийна: кIадех мел йисина цуьргаш схьа а лахьийна, царех куй тега дагадеана цунна. КIадин цуьргаш нийса вовшах а хIуттуш, куй тегна Зазас, дехьа-сехьа а, лакха тIехь а кхо нуьйда йолуш. Нуьйдарчашна тIехула Iаьржа кIади тегна хилла. Ткъа куйн чухулара кIади кIайн хилла.
Заза ца кхаьчна цирк схьайоьллучу. Цхьана кехата юкъа а хьарчийна, шен накъосте Саците, О.Поповна дIало аьлла, куй дIабелла цо. Жухарг хьовсархошна уллехула тIехволучу хенахь, Сацитас шегара кехат дIакховдийна цуьнга. О.Поповс шен коьртара куй схьа а баьккхина, кхоьссина сцени тIехула дIа а ластийна, сан нанас тегна куй тIетиллина хилла. Цул тIаьхьа, дIа ца вохуьйтуш, гуттар сецийнера хьовсархоша шайна дукхавеза жухарг.
Керла куй артистехь дукха тайна хилар бахьанехь, шолгIачу дийнахь афишаш хийца йийзира. Керлачу суьрташ тIехь сан нанас белла куй а тиллина вара гIараваьлла волу жухарг.
…Нана йоцу бархI шо хан ю хIинца. Телевизор чухула Попов Олег мосазза гойту, сан самукъадолу, ткъа даг тIехь йовхо хуьлу.
МАЗАЕВА Бэлин дагалецамашна тIехь материал кечйинарг – А.ВАХАЕВА
№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо