Цкъа цхьаьна цхьанакхетарехь, хьалха Москван мэр хилла волчу Лужков Юрийс Эсамбаев Махьмуде элира: «Махмуд, ты настоящий къонах!». Оцу дешан маьIна девзарш хазахетарца куьйгаш детта буьйлабелира. Ткъа и хIун дош ду ца хуурш, шайна уллохь Iашболчарга хетта буьйлабелира М.Эсамбаев сел чIогIа велавелла, шега вистхиллинчунна мара кхетийтинчу дешан маьIна.
Тахана, «Хьайбах: таллам дIахьош бу…» книгин хьалхалера кеп тоечу хенахь, цхьана стагах лаьцначу дийцарна тIе нисъелира со. Оцу стеган цIарна уллохь хIиттош ду «къонах» боху дош. Хьайбахахь хиллачу бохаман теш хилла волу Закриев Саламбек ву цигахь вуьйцург (хIинца-м дийна вац иза). Шу дерригенах а кхетийта, и стаг вевзачу наха дийцинчух цхьа кийсак ялор ю ас: «Кхин цхьа бохам нисбелира Закриев Саламбекан доьзална тIе. Бевдда боьлхучу зударийн а, берийн а тобанца цхьаьна яра кхуьнан зуда Сацита, карахь шо кхаьчна кIант Сайхан а волуш. ХIетахь доьхкуш ма-хиллара, бер йовлакхца букъа тIе дихкинера цо, иштта яда аттаха дара. Сацитина уллохь яра доьзалхочух йолу Эльгакаева Мелимат а, йоьлхучу жимачу йоьIан куьг лаьцна кхин цхьа къона зуда а.
Цхьанхьара герз детта долийра. Хьалхаха Мелимат охьаюьйжира, тIаккха къона зуда. Юьйжира Сацита а. Хилларг хиъна волу Саламбек цхьана воккхачу шина стагца байъинарш лаха вахара. Дукха ца Iаш тIекхечира уьш, бохам хиллачу метте. Еллачу Сацитин тIехула Iуьллуш вара Саламбекан жима кIант. ЧIогIа лазийначу, леш йолчу зудчунга мухха а, йовлакхах бина шад схьабастабелла хилла. Цхьа тамашийначу бIаьргашца хьоьжура бер шена тIехIиттинчу нахе. Цхьа де а, буьйса а даьккхинера кIанта ненан докъанна уллохь.
Саламбек воьхнера. Уггаре а хьалха цуьнан коьрте деара: хIинца, ша вовза а вевзина, баккхийчу наханна хьалха, кIант шена тIеозалург хилар. «ХIан-хIа, иза ма хилийталахь. Ма хилийталахь…», – доьхура Саламбека Деле, баккхийчу наханна тIехьа а лечкъаш. Шен дегIе хьаьдда шийла хьацар хаалора цунна. Нохчийн Iадаташца догIуш дац баккхийчу нахана хьалха бер хьастар. Саламбека даим лардора и Iадат. ХIинца а, шена уггаре а хала долчу минотехь а, баккхийчу нахана хьалха юьхьIаьржа хIуттучул, шен кIант велла хуьлуьйтур вара цо.
Ткъа кIант-м, шен ненан шийлачу дегIах схьа а ваьлла, лачкъа гIерташ, генна вуьйлучу шен дена тIеволавелира, такха а текхаш.
«Делан дуьхьа, дIа ма таттахь иза», – дийхира баккхийчу наха, берана некъ буьтуш. КIанта, лаьттачарна ша тIе ма кхаьччинехь, тIе а текхна, меллаша шен ден когаш марабоьхкира… Баккхий нах боьлхура…»
Т.ЧАГАЕВА
№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо