Муниципальни белхахойн алапа лакхадаккхарх лаьцна дийцира

Р.Кадыровс кхин цкъа а дагадаийтира Нохчийн Республикерчу муниципальни белхахойн алапа Къилбаседа Кавказан федеральни округехь уггаре а лахара хилар.

497

«Муниципальни декъехь къахьоьгучу белхахойн алапа 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна округехь уггаре а лакхара хила деза, хIунда аьлча, таханлерчу дийнахь иза лахара хилла а ца Iаш, тIех лахара ду. Къилбаседа Кавказан федеральни округехь муниципальни белхахойн юккъерчу барамера алапа 24 558 сом ду, ткъа Нохчийн Республикехь – 16 853 сом», – элира республикин Куьйгалхочо.

Алапа лакхадаккхаран хьокъехь долу республикин Куьйгалхочун тIедиллар кхочушдарх лаьцна дийцира Рассуханов Iусмана. Алапа лакхадаккхаран декъехь дагалаьцна, шина муьрехь кхочушдан лерина долу гIуллакхаш Р.Кадыровна довзийтира министра.

«ХIокху шеран товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна хьалхара мур кхочушбан дуьйлалур ду тхо. Муниципальни белхахойн юккъерчу барамехь долу алапа бархI эзар соьмана лакхадаккха лерина ду, тIаккха цуьнан барам 24870 сом хир бу. ШолгIа мур 2017-чу шеран кхолламан баттахь дуьйна кхочушбан болор бу. Алапин барам Къилбаседа Кавказан федеральни округехь уггаре а лакхара хир бу», – элира республикин финансийн министра.

Цо билгалдаьккхира хIоттийна йолу Iалашо кхочушъярхьама налогаш схьагулъяран бух цIинбарехь а, Нохчийн Республикин консолидированни бюджетан чоьхьара харжаш цхьана хорша ерзорехь а беш болх хилар.

Кадыров Рамзан реза хилира шена довзийтинчу (алапа лакхадаккхархьама кхочушдан дезачу) гIуллакхашна. И Iалашо кхочушъярхьама ерриге а таронех пайдаэца безаш хилар билгалдаьккхира цо, хIунда аьлча, цул тIаьхьа бюджетан кхидолчу дакъошкахь болх бечеран алапа лакхадаккхарехь а гIуллакхаш дан дезар ду.

Билгалдаккха деза, карарчу хенахь республикин Куьйгалхочо боккха тидам тIебахийтина муниципальни белхахойн алапа лакхадаккхаран гIуллакхна. Иштта, кIира хьалха республикин Правительствон Председательца Эдельгериев Абубакарца дIаяьхьначу кхеташонехь а, муниципальни а, бюджетан а декъехь болх беш болчеран къинхьегаман мах хадоран хьал тодаран хьокъехь ша дина тIедиллар кхочушдар хьахийра Кадыров Рамзана. Цунна жоп луш, республикин Куьйгалхочо хIоттийна йолу Iалашо 2017-гIа шо тIекхочуш кхочушйина хир ю элира А.Эдельгериевс. Иза йоцуш, оцу гIуллакхна лерина кхин масех кхеташо а дIаяьхьна республикин Правительствехь тIаьхьарчу кIирнах.

А.ХАСБУЛАТОВА

№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: