ХIокху шеран товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь Нохчийн Республикин муниципальни органашка депутаташка кандидаташна а, кандидатийн спискашна а регистраци яр чекхдаьккхина. Нохчийн Республикин Харжамийн комиссе кхаьчначу хаамашца, хьокъала йоллучу муниципальни вовшахкхетараллашкахь харжамаш дIабахьа векал йина йолчу харжамийн территориальни комиссеша регистраци йина 3 588 кандидатана. Хьаьттан (август) беттан 18-чу дийнахь бина иштта хаам.

Дагадаийта лаьа, республикин муниципальни вовшахкхетараллийн векалаллин органашка харжамаш дIахьур бу цхьайолчу муниципальни органашкахь харжамийн мажоритарни системех пайда а оьцуш, ткъа иштта кхечанхьа харжамийн пропорциональни системех пайда а оьцуш. Оцу шина кепара харжамаш дIахьур бу муниципальни вовшахкхетараллийн уставашца нийса а догIуш. Цу тайппана, гIаланийн 2 округехь а, муниципальни 15 кIоштахь а, 19 юьртахь а харжамаш дIахьур бу харжамийн пропорциональни системица (аьлча а, харжамийн цхьаьнакхетараллийн кандидатийн спискашца). Ткъа 160 юьртахь харжамийн мажоритарни системица. Цигахь тоьлла лорур ву шегахьа алссам кхаьжнаш тесна волу кандидат.
2016-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь республикин муниципальни вовшахкхетараллийн векалаллин органашка харжа везаш верг 2 215 депутат ву. Харжамийн мажоритарни системица векалаллин органашка депутаташка кандидат санна хьесапе эцна ву 2 105 кандидат, царна юкъахь 487 кандидат ша шен хьалхатеттина ву. Харжамийн кампанин жамIашца дIасаекъа езаш йолу депутатийн мандаташ 1 583 ю.
Харжамийн пропорциональни системица мандаташ дIасайоькъу йолчу векалаллин органашка депутаташ харжарна регистраци йина ву 1 483 кандидат. Политикин партийн Нохчийн Республикехь йолчу региональни 5 отделенин спискашна юкъахь бу и кандидаташ. ХIорш ю и партеш: «Единая Россия», «КПРФ», «Патриоты России», «Справедливая Россия», «Россин дерриге а халкъан союз». Кандидатийн спискашца дIасайоькъу йолу депутатийн мандаташ 632 ю.
Делахь-хIета, республикин муниципальни вовшахкхетараллийн векалаллин органашка дIахьон болчу муниципальни харжамашкахь харжа везачу 2 215 депутатан мандаташ къовсур ю 3 588 кандидата. Вайн харжамхойн жигаралла эшна ца Iаш, кандидатийн говзалла а оьшур ю харжамашкахь толам баккха. Вай тешна ду Нохчийчохь харжамел хьалхара кампани кандидаташа хьаналчу, цIеначу ойланца а, некъаца а дIахьуриг хиларх. Нохчийн халкъана тIаккха беркате а хир бу и харжамаш.
Хь.САИДОВ
№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо