Славянскехь хиллачу гIуллакхашца доьзна Кадыров Рамзанан дIахьедар

2

Украинерчу Славянск гIалара кхочуш бу синтеме боцу хаамаш. Украинин законехь доцчу Iедалша оцу гIалахь шайн халкъана дуьхьал дIайолийна шуьйрачу  барамашкахь йолу тIеман операци. Оцу гIуллакхехь жигара пайдаоьцу бронетехниках, тIеман вертолетех. Славянскана тохарш до яккхийчу тоьпашца а, авиацица а. ГIалина голаьцна. Маьршачу бахархойн таро яц Славянскера зударий а,баккхий нах а, бераш а арадаха.

Киевн зуламе Iедал тIеттIа гергадоьдуш ду Украинехь граждански тIом болорна.

Цхьана а кепара шеко йоцуш ду Киев иштта гIуллакхаш дан США-н а, малхбузерчу мехкийн а Iедалший, НАТО-сий, дуьйцийла йоццуш гIолацарна бен хIоьттина цахилар.

Суна дIахаийта лаьа Малхбузен леррина йолчу службаша бузийна, кечбинчу террористийн карах Нохчийн Республикехь эзарнаш адамаш хIаллакьхилла хилар. Украинин халкъана изза кхоллам кечбеш ю тахана НАТО а, США а.

Ас сацам боллуш бехкедо Славянскехь таIзарш даран операци дIайолийначу Малхбузен а, цуьнан хьадалча долчу Украинин Iедалийн а гIуллакхаш. Тхо бен а ца хеташ хьийсалур дац маьрша бахархой хIаллакьхиларе.

Со тешна ву Россин Президента, Россин Федерацин Герзашца кечбинчу Ницкъийн Коьртакомандующис Путин Владимира, Россин Федерацин Федеральни Гуламан Совето шена еллачу юьззинчу бакъонашца нийса а догIуш, Славянскехь а, Украинин кхечу гIаланашкахь а маьрша бахархой ларбаран Iалашонца билгал гIуллакхаш деш хиларх.

Дийнахь а, буса а муьлххачу а хенахь Россин Президентан омаре хьуьйсуш а, иза йоццачу хенашкахь буьззинчу барамехь кхочушдан кийча а ду тхо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,

Правительствон пресс-служба

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: