«Дог тешарца – терроризмана дуьхьал» къийсам дIабахьаран хьокъехь къамел хилира

Соьлжа-ГIалахь хьаьттан (август) беттан 17–19-чуй деношкахь дIаяьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 65 шо кхачарна лерина III-гIа Дуьненаюкъара динашна юкъара кегийрхойн форум.

20_w1000_h700

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Правительствос, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхалло, республикин Къоман политикин арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос, ХIинжа-ГIаларчу Оьрсийн керстанийн епархис, Кавказ кхиоран проблемашкахула йолчу регионашна юкъарчу кегийрхойн лабораторис, Къилбаседа Кавказан федеральни округан кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу координационни туьшан синодальни отдело Къилбаседа Кавказан федеральни округан динан а, кегийрхойн а организацийн гIоьнца. Цигахь дакъалоцуш бара тайп-тайпанчу динийн а, юкъараллин а организацийн векалш, тайп-тайпанчу дакъошкахь къахьоьгуш болу кегийрхой (ши бIе сов).

Форумо шен болх дIаболийра Кегийрхойн гIуллакхийн министерствон актови залехь, пленарни кхеташо дIаяхьарца. Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш лекхначул тIаьхьа, вистхилира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат. Цо билгалдаьккхира Форум дIаяхьар Нохчийн Республикин дахарехь мехала а, историн а хилам хилар а, Россин цхьаалла ларъярехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента А.-Хь.Кадыровс а, цо дIаболийна некъ дIахьош волчу Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс а доккха дакъалаьцна хилар а. Иштта, цо тидам тIебахийтира беккъа цхьана тIеман ницкъаца терроризмана тIехь толам баккхалург цахиларна. Цуьнца къийсам дIабахьа беза синан, гIиллакх-оьздангаллин, патриотизман мехаллашца а, Россин Федерацехь дехачу дерриге а халкъийн цхьабарт хиларца а.

Цул тIаьхьа къамелаш диначара массара а билгалдаьккхира вайн тIекхуьуш йолу тIаьхье вовшашна езаш кхиош хилчий бен терроризмана тIехь толам баккхалург цахилар.

ШолгIачу дийнахь Форуман дакъалацархой шина декъе бекъабелла, хIораннан шайн-шайн тема йийцаре йира. Радион цIийнехь «горга стол» дIаяьхьира, цигахь халкъашна юкъарчу уьйрийн эксперташа дийцаре дира динашна юкъара кегийрхойн Интернет-ресурс кхолларан хьокъехь долу гIуллакх. Цуьнан модератор хила хьалхатеттира Молдовера блоггер Нестеров Владислав. ТIейогIучу хенахь динашна юкъара хаамийн хьаьрман (пространство) бухехь хила деза цхьамогIа магораш тIеийцира. Иштта цигахь дIаяьхьира тренингаш. Цуьнан дакъалацархоша а, эксперташа а дийцаре дира геополитикин хиламийн гIуллакхаш, динан экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам дIабахьаран некъаш.

КхоалгIачу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу килсе а, «Нохчийчоьнан дог» маьждиге а, Шелан кIоштарчу этнографин «Шира кIотар» комплексе а экскурсеш ярца дIаберзийра Форумо шен болх.

Л.ДАУТОВА

№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: