Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь «Ши тIам» цIе йолчу фестивалан директора Боташев Расула пресс-конференци елира Нохчийчуьрчу журналисташна.

Цо дийцира и фестиваль Кхарачойн-Чергазийн Республикехь хIокху шеран товбецан (сентябрь) 6–10-чуй деношкахь дIахьург хиларх лаьцна.
И гIуллакх вовшахтухуш финансийн гIолоцуш ю: «Rigo» фотостуди, «Медовые водопады» туристийн комплекс а. Ткъа, фестивалан генеральни партнер дерриге а дуьненна евзаш йолу «FujiFilm» компани ю. Хаамийн гIирсашкахула генеральни партнер музыкин «9 волна» телеканал ю. Иштта, официальни партнер хаамийн «Архыз 24» телеканал а ю.
Проектан коьрта Iалашо ю ерриге а Россерчу суьрташца, видеокийсикашца бала болчу нехан говзалла лакхарчу тIегIане яккхар а, царна ницкъ кхочучу барамехь хаарш далар а, иштта, вайн Кавказан хазалла хьакъ долччу агIор гайтар а, гайта Iамор а ду.
– Оцу фестивалехь Къилбаседа Кавказера лаххара 200 фотограф а, видеограф а хир ву аьлла тешна ву со. Цигахь кхоллараллин нах вовшах а кхетта, вовшийн белхаш довзийтина ца Iаш, царна леррина Iаморан программа а ю кечйина. ХIора дийнахь керл-керла хIуманаш ду юкъадовлуш, къаьсттина электронни гIирсашкахь ткъа фотографашна цкъа а эрна хир дац аьлла хета суна керланиг довзар. Суьрташца, видеокийсикашца бала мел болчу нехан таро хир ю шайна довза луург хатта, иштта, шайна девзинарг дIахьеха а, – дийцира Р.Боташевс.
Фестивалан дакъалацархошна суьрташ, видеокийсикаш дикачу, керлачу агIор яха Iамош хир бу Къилбаседа Кавказехь цIе яххана болу говзанчаш.
– Фотоаппараташца «гергарло» дезаш, амма хIинца а иза лело ца хуучу кегийрхошна гIо-накъосталла деш спикерш хир бу фестивалехь. ХIоранна а шена хазахеттачу декъехь болх бан Iамор ду цара. Спикершна юкъахь бу Россехь дика бевзаш болу фотографш: Медведев Александр, Хрущева Алексия, Селькин Федор, кхиберш. Ткъа, уггаре а суна хазахетарг – оцу майданахь берриге а нах цхьа «лазам» болуш хилар ду. Суьрташца дуьненан хазалла гайта лууш болу нах бу уьш. Iаламат самукъане дIагIур ду оцу тайпанчу кхоллараллин нахаца и диъ де, – элира Боташев Расула.
Пресс-конференцехь хиллачу журналисташа дуккха а хаттарш дира фестивалах лаьцна. Царна массарна а дуьззина жоьпаш делира Р.Боташевс. – Хьалхарчу дийнахь дуьйна тест-драйваш, фотоконкурсаш, мастер-классаш, лекцеш, кхийолу мероприятеш а хир ю фестивалехь. СадаIа хан кIеззиг бен хир яц, цхьана дийнахь 17 сахьтана программа ю кечйина.
ХIара тайпа фестиваль Къилбаседа Кавказехь дуьххьара дIахьур ю хIокху шарахь. Вайн республикера дакъалаца мел луучун (18 шо кхачаза болчу кегийрхошца шайн векалш хила беза) таро ю шайн заявкаш хIокху электронни адресца чуяла: http://фестиваль2крыла.рф оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь схьаэца йолийна заявкаш товбецан (сентябрь) 1-ра де тIекхаччалц схьаоьцур ю.
Иштта, кхиболу хаамаш бовза таро ю социальни сеташкахь а: ВКонтакте – event119664127, Фейсбук – festivaldvakryla, инстаграм – @dvakryla
Хь.БАХТАЕВА
№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо