ХIокху деношкахь Республикин культурин а, искусствон а туьшан актови залехь, культурин а, искусствон а белхахойн говзалла лакхаяккхаран дешаран-методикин туьшан векалша дийцаре дира доьзал кхетош-кхиоран гIуллакхаш.
Шайн къамелашкахь цхьаьнакхетаран дакъалацархоша билгалдаьккхира бер кхетош-кхиорехь коьрта дакъа цуьнан дас-нанас дIалоцуш хилар а, бераш жимачохь дуьйна а диканиг а, вуониг а къасто Iамош хила дезаш хилар а. Иштта, цара дийцира бераша уггаре а хьалха, шайн дех-ненах масал оьцуш хиларх лаьцна. Цундела шайн доьзалца, гIиллакхе, оьзда хилар ден-ненан декхар ду. ХIунда аьлча, жимачохь бераша шайн гинарг сиха схьалоцу, юха, Iеминарг дита ца луш, баккхий хилча а шаьш жимачохь юьхьарлаьцна некъ, дика белахь а, вуон белахь а дIакхоьхьу цара.
Цхьаьнакхетар дерзош, Халкъан кхоллараллин туьшан хаамийн-аналитикин отделан коьртачу методиста Бакараев Iелас билгалдаьккхира, уггаре а хьалха вай, дайша-наноша, къоман гIиллакхаш, Iадаташ лардан дезаш хилар а, уьш шайн доьзална довзийта, цаьрга безам кхолла безаш хилар а. «Бераш вайн къоман кхане ю, цундела жимачохь дуьйна а уьш кхетош-кхиорехь дукха къахьега деза дай-наноша а, юкъаралло а. Жима долуш бераша муьлхха а хIума дика дIалоцу, цундела школе даха хан кхаьчна бераш хьекъална дика кхиъна хуьлу, кегий делахь а дуьнене шайн-шайн хьежамаш болуш а хуьлу» – бохура цо.
З.САГАЕВА
№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо