ДIаяьхьира «Казахстан – Къилбаседа Кавказ» бизнес-форум

ХIокху деношкахь Нохчийн Неспубликин коьртачу шахьарахь «Грозный-Сити» отелехь Казахстанерчу а, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу а бизнес лелоран векалша бизнес-форум дIаяьхьира. Республике еанчу делегацина юкъахь вара Казахстан республикин межлисан (парламентан) депутат Мурадов Ахьмад а, «KAZNEX INVEST» экспортехула а, инвестицешкахула а йолу пачхьалкхан агенство» акционерни юкъараллин правленин председатель Жангуразов борисби а, СКФО-н ТПП Цхьаьнакхетараллин председатель Туганов Казбек а. Иштта цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Казахстанерчу цхьамоггIа компанийн куьйгалхой. Царна юкъахь бара «Уральски трансформаторийн заводан» а, дашан аккумуляторш еш йолчу «Zhersu Power»-н а, электронни-оптикин продукци арахоьцуш йолчу «Казахстан ASELSAN инжиниринган» а, рентгенан гIирсаш арахоьцучу «Кктюбрентгенан» а, «Концернан» а, «IT&M»-н а, «Сантехпроман» а, «Стекло-сервисан» а, «КЭММИ»-н а, «Уралтузан» а, кхийолчу цхьаьнакхеттачу юкъараллийн а векалш.

IMG_4725

Цхьаьнакхетаран официальни декъехь Казахстанера а, Къилбаседа Кавказан федеральни округера а баьхкинчу хьешашка вистхилира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель, экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министр Магомадов Iабдул. Цо билгалдаьккхира цхьаьнакхетарехь тIеэцна меморандум вовшашца юкъаметтигаш чIагIъяран керлачу тIегIанан юьхь хирг хиларх ша тешна хилар.

– Тхо чIогIа даккхийде шу Нохчийн Республике даьхкина. Тхан республике дахка шун сацам хиларна а, тхан предприятешца цхьаьна проекташ кхочушъеш болх бан шун лаам хиларна а, регионца экономикин зIенаш кхиорна а ас баркалла боху шуна. Нохчийн Республика таханлерчу дийнахь экономикин а, кхечу а дакъошкахь кхуьуш йогIуш йолу регион ю. Россин уггаре а тоьллачу регионашна юкъахь 20-чу меттехь ю хIара. Иштта, инвестицешна бегIийла хьелаш хиларца 14-гIа меттехь а ду тхо Россехь. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тидам бахьанехь, республикехь экономика кхуьуш а ю, оцу декъехь кхочушъеш а дуккха а тайп-тайпана проекташ ю. Со тешна ву, цхьаьнакхетар шина а агIонна пайдехь хирг хиларх, – элира Магомадов Iабдула.

«KAZNEX INVEST» экспортехула а, инвестицешкахула а йолчу пачхьалкхан агентство» акционерни юкъараллина урхалла дечу Арынов Аскара билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан дIадолорца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьанехь а Нохчийчоь Россехь уггаре а сиха кхуьуш йолу регион хилла дIахIоьттина хилар а, цуьнан экономика кхиорна, инвестицеш юкъаяхкарна бегIийла хьелаш кхоьллина хилар а. Иштта цо дийцира, республике еанчу 15 компанин продукцех лаьцна а.

Москваца, Санкт-Петербургца латтийна а ца Iаш, Къилбаседа Кавказца а латтайо оха экономикин зIенаш. Оцу юкъахь Нохчийн Республика а ю. Вай лулахой ду, вайн цхьаьнатухуш дуккха а хIуманаш ду, шайна юкъахь экономика а йолуш. Тахана оха Нохчийн Республикехь йовзуьйтуш йолу продукци дика евзаш а, тIеэцна а ю, шун республикина иза оьшуш хир ю аьлла а хета. Царна юкъахь ю аккумуляторш а, кхачанан сурсаташ а, рентгенан гIирсаш а, лакаш, басарш деш ерш а, – дийцира Арынов Аскара.

Казастанан межлисан депутата, Казахстанерчу вайнехан диаспорин куьйгалхочо Мурадов Ахьмада дийцира шаьш республике дахкаран Iалашонех а, Казахстанан а, Россин а халкъашна юкъахь кхоллаеллачу зIенех а, доттагIаллех а лаьцна.

– Тхо республике дахкаран коьрта Iалашо экономикин зIенаш кхиор делахь а, цуьнца цхьаьна тхуна маьIне ду Россина а, Казахстанна а юкъахь кхоллаелла уьйраш кхидIа а чIагIъяр. Вайнах махках бахарца доьзна къаьсттина нохчашца а, гIалгIашца а дика юкъаметтигаш кхоллаелла Казахстанан. ХIара цхьаьнакхетар Россин а, Казахстанан а уьйраш чIагIъярна леринчу концепцина юкъадоьдуш ду. И уьйраш кхиорна тоьшалла ду селхана Сочехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь вайн шина пачхьалкхан президентийн Путин Владимиран а, Назарбаев Нурсултанан а хилла цхьаьнакхетар. ХIара тайпа форумаш хьалха а дIаяьхьна оха, бакъду, иштта лакхарчу тIегIанехь тхо цхьаьнак-хетта дацара. Цундела, со нохчи хиларна, со а ца Iевелира хIокху форумана юьстаха, – билгалдаьккхира Мурадов Ахьмада.

I.МУРТАЗОВ

№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: