Вайца болчу ларамца

Дуьненахь а гIараваьлла вевзаш режиссер ву Кончаловский Андрей. 50 гергга исбаьхьаллин фильм яьккхина цо. Царах дукхахъерш ша сценареш язъеш яьхна а ю. Яздархочун корматалла Андрейгахь хиларна цецволийла дац. Цуьнан да Михалков Сергей а, нана Кончаловская Наталья а яздархой бара. Да-м цхьана хенахь Нохч-ГIалгIайн Республикехула СССР-н Лаккхарчу Советан депутат лаьттира. Цундела, оцу похIмечу адамийн доьзале мелла а озабезам кхобу вайн махкарчу бахархоша. Нохчийн Республикин берийн библиотека оьрсийн яздархочун Михалков Сергей Владимировичан цIе лелош ю. XX–XXI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь, Нохчийчоь Iазапехь латтийна сингаттам дIабирзинчул тIаьхьа, вайн махкара берийн библиотека схьайоьллуш совгIатана алссам книгаш йохьуш Михалков Сергейн кIентан кIант, Россехь дика вевзаш волу режиссер Кончаловский Егор веара.

rian-02582393-lr-ru

Егоран ден режиссеран Кончаловский Андрейн кхолларалла вайна евза дукха хан ю. Режиссуре богIу некъ хьаьвзина хиллехь а, дуьххьара ша яьккхинчу фильмаца Кончаловскийн ницкъкхечира шен похIмех хьовсархой тешо а, къеггинчу корматаллица кинематографи езарш йийсаре лаца а. 1937-чу шеран хьаьттан (август) беттан 20-чу дийнахь, Москвахь, дуьнен чу ваьллачу Кончаловский Андрейс юккъерчу школица цхьаьна, кхиамца музыкальни училище чекхъяьккхира. ТIаккха консерватори деша вахара иза, фортепьянон къайленаш йовза лууш. 1960-чу шарахь иза шолгIачу институте деша вахара. жимачу стага хаьржинарг Москвара пачхьалкхан кинематографин институт яра. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь операторан болх бина Ромм Михаил вара кхеран курсан куьйгалхо. Цо Iамийна кинематографин а, режиссурин а къайленаш. Цуьнан 28 шо бен хан яцара шен дуьххьарлера исбаьхьаллин фильм цо йоккхуш. Фильман цIе «Первый учитель» яра. 1965-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь СССР-н экранашка елира иза. ГIиргIизойн яздархочо Айтматов Чингиза язйинчу изза цIе йолчу повеста тIехь «Киргизфильм» киностудехь яьккхина яра Кончаловский Андрейс и фильм. Коьртачу ролехь, кхиъна йогIучу йоьIан Алтынайн васт кхоьллинарг казахийн актриса Аринбасарова Наталья яра. Iаламат говза, хьовсархойн дагах хьакхалуш, хьехархочун Дуьйшенан васт кхоьллинарг Бейшеналиев Болот вара. Юккъерчу Азехь тIом чекхбаьлла, 1924-чу шарахь ЦIечу Эскарера толамца цIавирзина Дуьйшен ломарчу юьрта хьажаво, цигарчу берашна деша школа схьаеллийта. Божабераша дешча тоам хеташ болчу гIиргIизошна мехкарий школе бахкийта ца лаьара. ЧIогIа деша лууш йолу Алтынай къар ца ло. Иза школе йогIу, хьехош захалонаш долуш, шега безам болуш масех зуда ялийна воккха стаг а волуш. Луьрачу гIиллакхин уьйриг бостуш, малхбалерчу зударийн Iадаташа хьаьшна ирсан орам денбаре кхойкхуш, нуьцкъалчу амалех, кегийрхойн синъондаллех яра Кончаловский Андрейс яьккхина дуьххьарлера исбаьхьаллин фильм. Цул тIаьхьа-м цо уьш, ягарйина ца валлал, дукха яьхна. Iамаркан паччалкхехь яьхна. Малхбузерчу Европехь яьхна. Фильмаш яьхна ца Iаш, бархI спектакль хIоттийна Россин тоьллачу сценаш тIехь. Царна юкъахь масех опера ю. Ялх книга язйина. 34 сценари язйина.

Кончаловский Андрейс ша сценари язйина яьккхина ю вайна мехала йолу фильм «Дом дураков». Нохчийчохь буьрса кхихкина шолгIа тIом марсабаьлла хан яра иза. Дуьненан массо маьIIера вайна тIеетташ цабезаман диларш яра, нохчел ямарт халкъ дуьнен чохь кхин цахилар массеран хьечу дилла гIерташ. Шуьйрачу хаамийн берриге а гIирсаш вай бехкедеш бара. Мел йоккху кино а вай емалдеш, дерриге а нохчийн халкъ а террористаш, экстремисташ хилар тIечIагIдеш яра. Цундела тамашийна хийтира 2002-чу шарахь вевзачу режиссера шен тидам вайна тIехь сацор. Диканиг цо эр ду аьлла-м цхьанна а дага ца догIура. Шеконаша садуучарна хетарг дохош, Кончаловскийс дика фильм яьккхира буьрса кхехкачу тIеман кIуркIманехь вай дохкучу муьрехь. Федеральни телеканалаша 1995-чу шеран юьхьехь, тIом кхечу пачхьалкхехь болуш санна, хаддаза бечу хаамашкара, цуьнан семачу лерсино схьалаьцна хиллера тIеман гIовгIа герга кхочуш Заки-Юьртахь хиллачу больницера дархой битина, лоьраш шайн синош довдийна къайлабевлла хилар. ХIоьттина ирча сурт кхин а чIогIа кIаргдора оцу больницера дархой хьекъална эшна хиларо (душевно-больные), цаьрца бала болуш стаг ца хиларо. Хьекъална эшна белахь а, дегнаш комаьрша ду фильмерчу турпалхойн. Уьш дуьненна къинтIера девлла цIена синош ду. Деэшначунна орцахдовла кийча ду, шайн терго еш адам дацахь а. ТIеман къизаллехь дархойн ойла ян а, уьш кхерам боцчу метте баха а цхьанна а дага ца деана. Iедалан векалш-м больницана аьттехьа богIуш бацара. Уьш даржаш къийса ца ларабора оцу муьрехь. ХIаллакъеш йоккха пачхьалкх яра, каяьллачо ядош, куьйгана челакха волчо лачкъош. Кремль а Заки-Юьртара психбольница а вовшашна ю-яц хууш яцара. И сурт чIогIа сих кхетта хиллера режиссерана. Цо катоьхнна сценари язйира, фильм яккха дагахь. Амма кинематографин воккха говзанча ша вара аьлла, фильм яккха, иза хьовсархойн кхиэле йилла сих ца велира Кончаловский. Уггаре а хьалха иза Iилманчех дагавелира. ТIаккха нохчашна юкъахь вевза-везарг лехира, ларамаза а къоман гIиллакхашца цадогIург гайтина вуьшта а догэшна долчу халкъана вас ян ца лууш. Цецах санна литтира цо сценари оцу тIехь болх дIаболабалале. фильман коьрта роль Высоцкая Юлиях тешийна яра. Россехь вевзаш волу киноартист Миронов Евгений а вара фильмехь дакъалоцуш. Вайн махкахо Исламов Султан а кхайкхинера «Дом дураков» фильмехь дакъалаца. 2002-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь хилира фильман премьера. Дукха нахана сих кхийтира иза. Алссам хьовсархойн дог Iовжийра бакъдолчунна герга далийна режиссера дIагайтинчу суьрто. Милла а ойлане ваккха ницкъкхочур болуш, исбаьхьаллин тIеIаткъам бора фильмо. Хьовсархойн хаттар кхоллалора: «Мила ву те хьекъална эшна???… Делан диканах дог ца дуьллуш, дахарах тийсало хIара дархой, я мискачу адамийн ойла ца еш къинхетамза тIом болийна Iедалан векалш???»… Дукха хьолахь, тIом болийначу Iедалан векалийн бехк барехь чIагIлора хьовсархойн ойла. Премьера хилла дукха хан ялале фильм гIараелира. Массо а цуьнга хьажа лууш вара. Хьаьжначо лаккхара мах хадабора фильм яьккхинчу тобанан къинхьегаман. Ткъа уггаре а коьртаниг, хIинццалц уьш зуламхой лоьруш хиллачу адамийн «Дом дураков» фильмо нохчех йолу ойла хийцира.

«Дом Дураков» юкъаяьлла дукха хан ялале, иза йоккхуш къахьегна кхоллараллин тоба Норвеги кхайкхира, Берген гIалахь дIахьочу дуьненаюкъарчу кинофестивалехь дакъалаца. Кинофестивалан жюрис 2002-чу шеран тоьлла исбаьхьаллин фильм лерина, «Ника» цIе йолу совгIат дира оцу фильмана. «Дом дураков» фильмо иштта дакъалаьцна хIора шарахь Венецехь дIахьочу дуьненаюкъарчу кинофестивалехь а. Цигахь а, толамхо лерина, совгIат дира вай юьйцучу кинофильмана. Иза къеггина тоьшалла ду дикачу ойланца дIадолийна муьлхха а гIуллакх юьхькIам боллуш, беркате дIадоьрзуш хиларна. Кхечара дуьйцург тергал ца деш, шен сица вайн лазамаш литтина, къинхетаме бIаьрг нохчашка хьажийна, вайга болчу ларамца Кончаловский Андрейс 2002-чу шарахь яьккхинчу фильмо юьхьIаьржа ца хIоттош, схьавалош ву дуьненна гIараваьлла, дуьненахь тоьллачу режиссерех цхьаъ волу киноакадемик Кончаловский Андрей. Шен дог мел лаьттачу дикане кхочийла иза! Ткъа вайн кегийрхошна хаа деза, нохчийн халкъан уггаре а деэшначу муьрехь, цуьнга доттагIаллин куьг кховдийнарг а, Нохчийчоьнах исбахьаллин фильм яьккхинарг а оьрсийн режиссер Кончаловский Андрей хилар…

А.ГАЗИЕВА

№94, шот, хьаьттан (август) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: