Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхарца Соьлжа-ГIала еара Дагестанан Республикера дешархойн тоба. Берашца цхьаьна бара церан хьехархой а, дай-наной а. Нохчийчу уьш бахкар а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца цхьаьнакхетар а вовшахтуьйхира Махачкала гIалин (ХIинж-ГIала) №34 йолчу школин итталгIачу классан дешархочун Нукулова Саидин дехарца.
Луларчу регионерчу хьешашца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзана цаьрца цхьаьна автобусахь экскурси йира Соьлжа-ГIалахула а, Нохчийчухула а. Цара дакъалецира ТIехьа-Марта районерчу ШаIми-Юьртахь дIадаьхьначу фольклоран дезачу дийнехь.
«Дагестанерчу дешархошна а, церан дай-наношна а, хьехархошна а гира нохчийн ХVIII–ХIХ-чуй бIешерашкахьлера кхерчаш, хIусамаш. Оцу заманахьлера маьнганаш, товхенаш, духарш, кхачанаш дара царна чохь. РагIу кIелахь бара нохчаша шайн дахарехь, къинхьегамехь пайдаоьцуш хилла гIирсаш. Дезде вовшахтоьхнарш а, дIахьош берш а нохчийн къоман духаршца бара. Ширачу поэтонашна, гIудалкхашна тIехь нускал далийра. Цигахь цхьа башха ловзар хIоттийра», – яздо шен instaqram-хь Кадыров Рамзана.
Шайна гинчух кхаъ хилла болчу хьешашна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцира къоман гIиллакхаш, дайн Iадаташ, ламасташ дендарехь, гIиллакх-оьздангалла чIагIдарехь вайн республикехь дIахьош долчу дуккха а гIуллакхех лаьцна. «Ас сайна тIелецира экскурсоводан декхарш. Берашна дийцира вай муха Iаш ду, довзийтира вайна хазахеташ дерг, вай даккхийдеш дерг, вайн сагатдеш дерг. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIала схьадаьхкира тхо, цуьнан урамашкахула дIасалийлира», – яздо Р.Кадыровс.
Вайн регионан Куьйгалхочо билгалдаьккхира бераш Украинехь кхолладеллачу хьолана сагатдеш хилар. «Со цецваьккхира дешархой политикехь, Украинехь дIабоьлхучу хиламех дерг хаа лууш а, цаьрца доьзна сан хIун ойла ю хаа лууш а хиларо. Ас царна довзийтира цигахь кризис хIоттаран бахьана а, США цигахь хIун дан гIерташ ю а. Цу тIе ас дIахаийтира цхьана а санкцеша Росси кхечеран лаамна тIеерзориг цахиларх суо тешна хилар», – яздо Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан а, Дагестанан а юкъаметтигех къамел хьакхаделча цо дIахьедира вайн халкъаш тIейогIучу хенахь а, хьалха а санна, доттагIалла, вошалла чIагIдеш кхидIа а бертахь дехар хилар. «Тхо боккха кхаъ хилла тIелецира «Cafe Майданехь». Саидас а, цуьнан доттагIаша а шаьш кечдина совгIаташ делира суна. Декхарехь вуьсийла ма дацара сан а… Дуккха а бIешерийн доттагIалло вовшашца дузуш ду вай а, Дагестанан халкъаш а. Вай и доттагIалла кхин а чIагIдийр ду», – чIагIдо Кадыров Рамзана. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон пресс-службо.
Д.АНАДЕВ