Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан кхайкхам

Хьомсара доттагIий!

Тахана вай билгалдоккху Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) вина 65 шо кхачаран де.

ЦIеяххана волу динан а, пачхьалкхан а гIуллакххо дагалацаран де ду хIара. Шен халкъан историс голатухучу, истори хийцалучу муьрехь цо дерриге а дира тIом гуттаренна а чекхбаккхархьама, халкъ Iалашдархьама, регионехь маьрша дахар дIахIотторхьама, синтем хилийтархьама.

ЧIогIа чолхе хан яра иза. Нохчийчоьнан латта, мохк узарш деш бара хIора денна кеманаша еттачу бомбанашна, ракеташна, яккхийчу тоьпаша еттачу снарядашна. ХIора дийнахь хIаллакьхуьлуш дара бIеннаш маьрша адамаш. Вайн махкахь бара дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкара схьабаьхкина террористаш. Цара шайна хьалха хIоттийнера регионах Росси йохоран хьаьрма яран Iалашо.

Ахьмад-Хьаьжа бIаьрнегIар тухучу юкъанна а шеко йолуш вацара ша хаьржина некъ нийса хиларх, ша хаьржинарг машаре, дикане, цIиндаларе боьду некъ хиларх. Оцу некъаца дIавахара иза шен тIаьххьара де тIекхаччалц. Шен са, дахар дIаделира цо халкъ тIамах, чIанадаларх, бохамех хьалхадоккхуш. Беза мах бара цо дIабелларг.

Цуьнан ондда амал, собар, доьналла, майралла, хьекъал бахьана долуш нохчийн халкъ Россин халкъийн доттагIаллин доьзалехь цаьрга нийсса хилла дIахIоьттира. Нохчийн Республикехь машар а, синтем а хилира. Нохчийчоьнан таро хилира кхиа, цIенош, школаш, заводаш, спортзалаш ян.

Тахана Нохчийн Республикехь машар а, барт а бу. Россехь уггаре а кхерам боцуш йолу регион хилла дIахIоьттина хIара. Кхузахь парггIат Ислам-дин лело аьтто бу, зазадоккхуш ю къоман культура. Денна схьайоьллуш керла объекташ ю. Россин кхечу субъекташна хьалха масална ялош ю республика, иза сиха кхуьуш а, кхерам боцуш а хиларна. Тахана нохчийн халкъан сий-ларам бо, цуьнан лаккхара мах хадабо. И дерриге а Ахьмад-Хьаьжин хьуьнар бахьанехь ду.

Вай вайн хьалхара Президент дагалоцу гIуллакхашца, цуьнан весеташ кхочушдарца. Везачу АллахIа аьтто бойла вайна цуьнан некъаца дIадахарехь, Дала гIо дойла вайна цуьнан гIуллакхашна тешаме хилла дисарехь!

№95-96, шинара, хьаьттан (август) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: