Тхэквондон куьйгаллехь – коьрта финансист

Нохчийн Республикин тхэквондахойн рогIерчу кхеташонехь республикин Тхэквондон союзан президентан дарже хIоттийна Нохчийн Республикин финансийн министр Рассуханов Iусман. Хьалха I.Рассухановн кандидатура къобалйинера республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

image94825305

Хьаьттан беттан 18-чу дийнахь республикин финансийн министра Рассуханов Iусмана а, физически культурин а, спортан а министра Хизриев Хасмохьмада а Нохчийн Республикин Тхэквондон союзан тренерийн штабаца дуьххьарлера цхьаьнакхетар а дIадаьхьира, коьрта Iалашонаш а йовзийтира – уггаре а хьалха, 4 шо даьлча хир долчу рогIерчу Олимпийн ловзаршкахь дакъалаца хьакъволу, мел лаххара а 2 спортсмен кечвар.

I.Рассухановна хетарехь, оцу Iалашоне кхачарна оьшуш мел долу хьелаш республикехь долуш ду: лаккхара корматалла йолчу тренерех лаьтташ йолу штаб, тхэквондахойн хаар лакхадаккхаран дуьхьа йина школаш, иштта дIа кхин а.

«Вайн республикехь спортан уггаре а гIараяьллачу кепех цхьаъ ларалуш ю тхэквондо. Нохчийн спортсменаша дуккха а мидалш яьхна тайп-тайпанчу тIегIанашкарчу турнирашкахь. Амма вай декхарийлахь ду республикин Тхэквондон союзан болх кхин а лакхарчу тIегIане баккха. Ас сайн ницкъ кхоччург дийр ду оцу декъехь. Нохчийн команда Россехь хилла а ца Iаш, дуьненахь а уггаре а тоьллачарех цхьаъ хилийтар а, муьлххачу турнирехь цара мидалш яхаре кхачар а ю сан Iалашо», – билгалдаьккхира республикин коьртачу финансиста.

И.АДАМОВ

№95-96, шинара, хьаьттан (август) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: