Хьаьттан (август) беттан 20–21-чуй деношкахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Бенахь дIаяьхьира «Бенойн бIаьсте – 2016» цIе йолу культурин а, спортан а фестиваль. Иза лерина яра Нохчийчоьнан хьалхара Президент А.-Хь.Кадыров вина 65 шо кхачарна. Фестиваль деношца шина декъе екъна яра. ДIадаханчу шарахь цигахь республикин бахархоша бен дакъа ца лаьцнехь, хIокху шарахь Къилбаседа Кавказерчу ерриге а республикашкара бахархой баьхкинера фестивалехь дакъалаца а, цуьнга хьовса а.
Бенан уггаре а лекхачу Iаьмнаш-ТIе (Бенойн Лам, 1 700 метр) лома буьххье сиха хьалабовларехь, 250 сов стага шайн хьуьнарш къовсар- ца схьайиллира фестиваль. Маршрутан йохалла 5 300 метр яра. Оцу къовсамехь туьйлира Соьлжа-ГIалин векал В.Чуралев.
Къовсамехь 1–3-гIий меттигаш яьхначу дакъалацархошна деза совгIаташ дина ца Iаш, къовсаман хIора а дакъалацархочунна а 10 эзар соьмаца совгIаташ дира А.-Хь.Кадыровн цIарахчу юкъараллин фондо.
Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс Нажи-Юьртахь цIен аса хадорца схьабиллира тобина болу А.-Хь.Кадыровн цIарах урам.
– ХIокху шина баттахь Нажи-Юьртарчу урамашка чиркхаш а хIиттийна, некъан йистошка бетонан экъанаш а ехкина. Цул сов, хи а далийна, газан сеташ а цIинйина. Иштта ремонташ йина кхузарчу дукхапетарийн 8 цIенна а, административни 6 гIишлонна а, коммерцин 13 объектана а, берийн библиотекина а. Хала бохкучу доьзалшна керла 3 цIа а, автостанци а, махлелоран туш а йина. Тойина шовданашна а, школашна а, кешнашна а гуонахара майданаш. Шун декхар ду вай хьегна къа лардан, – элира цо.
Цигара республикин куьйгалла этнографин «Шира-Бена» комплексе деара. Кхузахь дIадаьхьира «Бенойн бIаьсте – 2016» фестивалан хьалхарчу декъан коьрта даздарш.
Уггаре а хьалха билгалбехира «Бенойн юкъаралла нохчийн халкъан исторехь а, культурехь а» цIарца дIакхайкхийна хиллачу конкурсан толамхой. И конкурс кхаа декъе екъна яра: Бенан истори; Бена – литературехь а, прозехь а; Бена – куьйга-говзаллин искусствехь.
Оцу конкурсан толамхо 13 стаг хилира. Царна юкъахь дIасайийкъира конкурсан совгIатан фонд – 1 миллион сом.
Конкурсан жамIаш довзийтинчул тIаьхьа дIадаьхьира телевизионни «Синмехаллаш» конкурс-фестивалан рогIера дакъа. Цигахь дакъалецира Соьлжа-ГIалин а, Грозненски а, Веданан а кIоштийн командаша. Нохчийн халкъан Iер-дахаран а, ламастийн а, Iадатийн а декъера хаарш а, театрализованни сценаш а гайтинчул тIаьхьа, жюрин сацамца нийса а догIуш, оцу конкурс-фестивалан рогIерчу декъе дехьаевлира Соьлжа-ГIалин а, Грозненски кIоштан а командаш.
Цул тIаьхьа республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонаш ларъяран органийн 4 белхахочун наношна «Ненан сий» цIе йолу мидалш а, бакъонаш ларъяран органийн 6 белхахочунна «Нохчийн Республикин гIаролхо» мидалш а, 5 белхахочунна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалш а елира.
Фестивалан шолгIачу дийнахь Бена-Веданахь дIадаьхьира кхаа декъехь говраш хахкар: А.-Хь.Кадыров вина 65 шо кхачарна лерина 4 000 метр йохалле говраш хахкар; «Бенойн бIаьсте – 2016» фестивальна лерина 7 000 метр йохалле говраш хахкар; Бенойн бIов меттахIотторна лерина 10 000 йохалле говраш хахкар.
4 000 метр йохаллехь туьйлира «Бетенгоры» олуш болу дин. 7 000 метр йохаллехь «Афиест» а, 10 000 метр йохаллехь «Эджон» а туьйлира.
Цул сов, нохчийн халкъана азаллехь дуьйна евзаш хиллачу спортан 14 кепехь къийсадаларш а хилира. Царна юкъахь дара 100 метр вадар, армрестлинг, тIулг хьалаайар, йозаллаш ийар, муш дIасаийзор, йозалла карахь а йолуш вадар, иштта дIа кхин а.
Оцу тайпанчу къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яьккхира Шелан кIоштан вовшахтоьхначу командо. ШолгIа меттиг Нажи-Юьртан кIоштана а, кхозлагIа меттиг Хьалха-Мартан кIоштана а кхечира.
Фестиваль ерзош «Шира-Бенахь» йоккха концерт а, нохчийн ловзар а дира. Цул тIаьхьа Пхьона-Дукъ а, Iаьшна ТIе а, Бенойн ЭвлатIе а олучу даккъашна тIера шатлакх тохарца чекхъяьккхира «Бенойн бIаьсте – 2016» фестиваль.
И.ХАСАХАНОВ
№95-96, шинара, хьаьттан (август) беттан 23-гIа де, 2016 шо