Японехь мохк бегийна. Цуьнан чIагIалла Рихтеран бустамца ялх балл хилла. Iаламан оцу бохамехь лазийнарш а, кхелхинарш а бац. Цхьайолчу меттигашкахь кIеззиг цIенош лилхина.
***
США-н къилбехь йокъана хIоттар бахьанехь цIераш евлла. Иттаннаш цIенош даьгна. ЦIеяйъархойн ницкъ ца кхочу иза дIаяйъа.
***
Мисарехь дIахьош ду президентан харжамашна кечамаш бар. Уьш чекхбевлча махкахь къепе хIоттаре а, экономикин хьал тодаларе а сатуьйсу бахархоша.
***
Шеман куьйгалхочунна Б.Асадана муьтIахь долчу эскарша ондда тохар дина Алеппо а, Хомс а шахьаршна гуонахарчу ярташкахь чIагIбеллачу экстремисташна.
***
Португалин Iедало дIахьедина ша Евросоюзерчу ахчане сатесна цахилар а, мехкан экономика шен ницкъаца кхио таро йолуш хилар а.
***
Украинера хьал тIеттIа карзах дуьйлуш ду. Славянскехь а, Краматорскехь а дIахьош ю тIеман операцеш. Цигахь кхелхинарш а, чевнаш хилларш а бу.
***
Россин Президент В.Путин май беттан шолгIачу эхехь Чине ваха лерина ву официальни визитца. Цуьнан цхьаьнакхетарш хир ду оцу мехкан политикин куьйгаллица.
***
Дагестанехь 80 эзар соьман барамехь кхаъ оьцуш лаьцна МВД-н Карабудахкентски районан отделан дознователь.
***
ГIалгIайчоьнан Куьйгалхочун дехарца республике бахкинчу Пермерчу къоман талламан политехникин университетан хьехархоша философехула, биологехула, медицинехула лекцеш йоьшур ю гIалгIайн студенташна.
***
Кху шеран хьалхарчу кварталехь Россельхозбанко 720 миллион соьмана кредит делла юьртан бахам кхиоран пачхьалкхан программа кхочушъярна.
***
ТIейогIучу аьхка Нохчийчуьра 27 эзар беро садоIур ду Къилбаседа Кавказан республикашкарчу садаIаран-могашалла меттахIотторан лагершкахь а, Iаьржачу хIорда йистехь а.