«Терекан» толам

Футболехула Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан (РОСГОССТРАХ – спонсор) Премьер-лигин командашна юкъахь 2016–2017-чуй шерийн муьран 4-чу турехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь цхьаьнакхийтира Башкирийчоьнан пачхьенерчу «Уфаца». Цхьаьнакхетар дIадаьхьира хьаьттан (август) беттан 20-чу дийнахь «Нефтяник» стадионан майданахь.

Ислам фото 22.08

Хьалхара тайм, дукха хьолахь хуьлуш ма-хиллара, майданан дайн жигараллица чекхъелира. Делахь а, цхьана а командо гол цатохар бахьана долуш, серлонан табло тIера 0:0 хийцам боцуш дисира хьалхарчу таймехь.

Оцу цхьаьнакхетаран фавориташ лоруш бара соьлжагIалахой. Цундела, шолгIа тайм йолаеллачу хьалхарчу минотехь дуьйна буьрка шайгахь латтор цIеххьана алсамдаьккхира цара. Иза эрна а ца хилира: тайман кхоалгIчу минотехь (матчан 48-гIа минот) Ивановс майданан аьтту агIорхьара шега схьахьажийна буьрка коьртаца майданан дайн кевна чу туьйхира Балайс.

Амма шаьш гол тохарца цхьаьна малдира соьлжагIалахоша ловзар а. Ишттачу «совгIатна» гIадбаханчу майданан дайша ткъе ворхI минотехь сагатдайтира «Терекан» кевнахо волчу Городовга. Цул тIаьхьа, ловзаран 75-чу минотехь, Городов хиллачух кхета а ца вуьтуш, цIеххьана гол а туьйхира.

«Наш футбол» телеканалан комментаторна хетарехь, оцу буьркано «лахйира» соьлжагIалахойн толаман Iалашо. Делахь а, комментатор цхьаъ дуьйцуш а волуш, бIостанехьа дерг дан буьйлабелира «Терекан» ловзархой: цара майданан дайн кевна уллохь жигара а, эвсара а ловзо йолийра буьрка.

Йоьдуш матчан 87-гIа минот а йолуш, жигара ловзуш йолу «Терек» а, шайн команда а «йитина», стадионера дIаэха буьйлабелла хьовсархой а, майданан дай а цецбохуш, Садаевс гол туьйхира. Иштта хийцаделира серлонан табло тIера терахь 1:2. Амма иза а чаккхе ца хиллера: 89-чу минотехь соьлжагIалахоша кхин цхьа гол а туьйхира «Уфан» кевна чу. «Терекан» чоьте кхоалгIа гол дIаязъяйтира Грозава.

ЖамI 1:3 долуш соьлжагIалахоша толам а боккхуш дIадирзира цхьаь- накхетар.

Шина командин ловзаре хьажа веанера 4 800 хьажархо (стадион 32 процентана хьалаюьзнера).

Шен рогIера цхьаьнакхетар Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» дIахьур ду хьаьттан (август) беттан 28-чу дийнахь шен цIахь Дона-тIера-Ростоверчу «Ростов» командица.

Карарчу хенахь Премьер-лигин турниран таблицехь 7 очко а йолуш, 7-чу меттехь ю Соьлжа-ГIалара «Терек». Билгалдаккха догIу, 2016–2017-чуй шерийн муьран чекхъяьллачу еа турехь соьлжагIалахой шозза тоьлла хилар. Иштта, цхьа а ца тоьлаш цхьа матч а, «Терек» эшорца цхьа матч а хилла.

И.ИСЛАМОВ

№95-96, шинара, хьаьттан (август) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: