Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос федеральни конкурсехь толам баьккхина берийн технопарк яйтарна тIехь.
И гIуллакх хIокху деношкахь Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствон кхиэле диллина дара. Цигахь динчу жамIашца Нохчийн Республика а ю берийн технопаркаш яйтарна юкъаяханчу 17 регионна юкъахь.
Берийн технопаркан проект Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца кечйина яра. Йина яьлча оцу технопарко Нохчийн Республикин кегийрхой Iилманан-техникин кхолларалла йовза а, техникин таронаш йовзарна юкъахь дакъалаца а аьтто бийр бу.
Хууш ма-хиллара, кхузаманан техникин Iилма хIора дийнахь кхуьуш ду. Лаккхарчу технологин 3D гIирсашца проекташ яр а, роботийн, электроникин белхаш бовзар а алсам дер ду Нохчийчуьрчу берийн. Оцу проектан региональни оператор «Берийн а, кхиазхойн а техникин кхоллараллин республикин туш» хир ю.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№95-96, шинара, хьаьттан (август) беттан 23-гIа де, 2016 шо